ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала къахьоьгуьйтучу нахах лаьцна дIахаийтар арахецна Iамерко


Дагестан -- Леш болх беш хилла меттиг. Лавашан кIошт. 2013.
Дагестан -- Леш болх беш хилла меттиг. Лавашан кIошт. 2013.

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан дIахаийтар довзийтира Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка еарин дийнахь. Цо билгалдаьккхира и документ мехала гIирс хилар, кхузаманахьлера лоллан бода дIасалалларехь.

Цу докладехь дуьйцуш ду, хIун дан деза хIора пачхьалкхо адамаш дохкаран зуламах эшам хиллачу нахана а, цу тайпа зуламаш ца дайта а, ткъа иштта таIзар дан а адамаш духкучу нахана Iамеркехь а, дерриг дуьнентIехь а.

Уггаре хьалха цу тайпа зуламаш эшам беш ерш ю меттигера юкъараллаш, аьлла ду дIахаийтарехь. Помпеос дийцарехь, низамаш лардон органийн белхахой Iама барца а, адамаш Iеха ца дайта а, уьш ида ца дайта а юкъаозо беза диндай а, хьехархой а, тайпана хьалхара нах а, меттигерчу индустрин куьйгалхой а, юкъараллийн хьлханчаш а. Цо билгалдаьккхира кхузаманахьлера лолла хилийта йиш йоцу хIума хилар.

2002-чу шарахь Iамеркехь тIеэцна адамаш дохкарх зулам даьлла нах ларбарх лаьцна низам. Цу низамо билгалбаьхначу барамаша бохург кхочуш ца дечу пачхьалкхийн уггаре лахарчу кхоалгIачу тIегIанехь йолчу пачхьалкхашна юкъатоьхна Пачхьалкхан Департаменто Беларусь а, Оьрсийчоь а, Туркменистан а.

Стохка кечдинчу дIахаийтарехь а яра Оьрсийчоь кхолагIчу тIегIанехь. Амма кхушарахь билгалдаькхина ду, Iедалша дIаоггара къахьоьгуш хIума ца лелийнехь а, жимма дикачу агIор хийца делла хьал, адамаш дохкарна юкъаозийна нах кара а беш аьлла.

Докладехь билгалдоккхуш ду Оьрсийчоьнан Iедало ша зуламхой лецна хиларх хIара ю аьлла информаци кечйина ца хилар. Яц Оьрсийчохь цу хаттарехь къоман стратегин план а, министраллашна а, хьукматашна а цу агIор тIедехкина декхарш а. Цул сов, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан структураша хоуьйтуш дай адамаш дохкарх лаьцна хIумма а.

Цуьнца цхьана, цу документан авторша дийцарехь, Къилбаседа Корейно а, кхин а цхьамогIа пачхьалкхаша а, барт а бина, Оьрсийчу хьежош бу шайн белхалой. Масала, Къилбаседа Корейно Оьрсийчу балха вохуьйту хIора шарахь 20 000 стаг.

Коррупци хиларо а, Iедалан белхахоша дакъалацаро а новкъарло йо низамаш лардечу органаша бечу балхана. Цхьацца дикачу агIор гIулчаш яьхнехь а, цхьана а кехаташна тIехь хьахош боцучу нахе нуьцкъала болх байтар шуьйра даьржина ду Оьрсийчохь, билгалдоккху докладан авторша.

Цуьнца йоьзна хьехош ю карарчу хенахь Оьрсийчохь дIайоьдуш йолу футболан дуьненан чемпионат кечйеш лелийна харцонаш. Белхалошна, дукхаха берш Юккъерчу Азера мигранташ а болуш, алапа дIа ца луш меттигаш яьхкина цу пачхьалкхехь. 2017-чу шарахь цу тайпачу мигрантех 17 белхахло а велла Оьрсийчохь.

Пачхьалкхан Департаментан докладехь дуьйцуш ду, кху тIаьхьарчу 5 шарахь Оьрсийчоь юьсуш хиларх лаьцна, нуьцкъала болх бойтуш болу нах чухула бовлу а, болх бан балабо а пачхьалкх.

Цу нахана юкъахь бу Оьрсийчуьра а, Европерчу пачхьалкхашкара а, Юккъерчу а, Къилба-Малхбалерчу Азера (Вьетнам а, Къилбаседа Корея а) къаьмнех болу нах.

Официалан боцчу хаамашца, Оьрсийчохь бу 5-12 миллион кхечу пачхьалкхашкара белхалой. Оьрсийчуьрчу Iедалша ларарехь, царах 1,5 миллион стаг ву, низамаш а дохош, цу пачхьалкхе кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG