Миннесотехь лоцучу заманчохь веллачу афроIамеркахочуьнца Флойд Джорджаца доьзна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь латтош ю хIинца а протесташ. Цкъацкъа полицица тасадаларш нисло гулбеллачийн. Масех иттаннашкахь Iамеркан гIаланаш дIалецна протестхоша. Оцу юкъанна цхьайолчу шахьарашкахь полисхоша а, Къоман гвардин эскархоша а дIахоуьйту шаьш бахархошца цхьаьнахилар. Миссури штатерчу Фергюсонехь жигархошна хьалха цхьана голина тIе а хIуьттуш, исс минотехь лаьттира полисхой. Оццул хена чохь шен гола Флойдан лога тIехь латтийна полисхочо Чавен Дерека. Майамехь а, Вашингтонехь а, Нью-Йоркехь а, Флоридехь а, Калифорнехь а хиллачух шайна а дакъа кхачар гайтира полисхоша демонстранташна.
Iамеркан гIаланашкахь полисхой протестхойх дIакхетта. Суьрташ
9
Нью-Йоркера полисхой, Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де, 2020 шо
10
Оклейрчу полицин куьйгалхо Кристенсен Эрик голина тIе хIоьттина къамел деш ву протестхошца. Калифорни, Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де, 2020 шо
11
Оклахомера полисхо. Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де, 2020 шо
12
Орегон штатерчу Портландера акци. Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де, 2020 шо