ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхошна къайлабовла меттиг юьтур яц шаьш аьлла Обама Барака


"Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхошна къайлабовла меттиг юьтур яц шаьш аьлла Обама Барака
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:56 0:00

«Исламан пачхьалкх» тобанерчу тIемалошна цхьа а кхераме йоцу меттиг юьтур яц шаьш аьлла дIахьедар дина телевезионехула леррина вист хуьлуш Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. «Аса хаийтина, оха лоьхур бу террорхой, тхайн пачхьалкхана кхерамаш туьйсуш болу, уьш миччахь белахь а. Цхьа а шеко а йоцуш, ас гIулчаш йохур ю "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьал Шемахь а, ткъа иштта Иракъехь а. Иза коьрта принцип ю ас сой президент волуш юьхьарлацнарг: нагахь хьо Iамеркана кхерамаш туьйсуш велахь, хьуна цхьанха а карор яц лаьчкъа меттиг». Обамас иштта элира Иракъехь а, Шемахь а тIемалошна дуьхьал тIеман авиаци а лелор ю шаьш, Иракъехь 475 эскархо а, тIеман говзанча а дIатарвийр а ву шаьш аьлла. Амма цо билгалдаьккхира, цара тIемашкахь дакъалоцур цахилар. Обасам дийцарехь, Iамеркан эскархой оьшуш бу Иракъан а, курдийн а тIеман ницкъаш Iамо а, царна тIеман гIирс латто а. (Reuters)

XS
SM
MD
LG