ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент хоржуш ву Iамеркехь


Iамерка -- Лахьан-беттан 6-чу дийнахь президент хоржуш ву Iамеркехь, 2012
Iамерка -- Лахьан-беттан 6-чу дийнахь президент хоржуш ву Iамеркехь, 2012

Шайн рогIера президент хоржуш бу Iамеркан бахархой. Цу харжамашкахь коьрта ши кандидат ву карарчу хенахь президент волу, демократ, Обама Барак а, Массачусетс штатехь губернатор хилла волу, республиканхо, Ромни Митт а. Цхьаьнатоьхначу Штатийн керлачу президентан цIе хуур ю Кхаарин дийнахь.

Президент Обама Барак Оршот дийнахь хилира кхаа штатехь: Висконсинехь а, ОхIайохь а, Айовехь а. ДIадолийнарг чекхдакха кхин а 4 шо оьшу шена бохуш, вара иза, харжамхошна хьалха вист хуьлуш. «Вай дукха гена девлла, юха дерза. Республиканхой шуна шира идейш йохка гIерташ бу, керлачу кехатана юкъа а хьерчош»,- элира Обамас.

Президентан харжамийн кампани дIаерзош Обамас кхайкхам бира, шена, теша мегар долчу лидерна, кхаж таса аьлла. Айова-штатехь Де-Мойн олучу гIалахь цо кхайкхам бира бахархошка, пачхьалкх кхиаме кханене яхарна гIортор яхьара аьлла.

Обама Барак: «Нагахь вай хийцамаш бан сацам бинехь, нагахь, хийцамаш бан Iалашо а йолуш, Iамеркахой цхьаьнакхеттехь, цхьаьнне а ницкъ байц вай совцо. Вай совцалур дац цхьанге а. Вай цхьаьна дуккха а халонех чекхдевлла хилча, вай цхьаьна къийсам дIабаьхьна хилча, вайн бакъо яц хийцамаш барехь юхадовла».

Ромни Митт еа штатехь хилира харжамийн кампанин тIаьхьарчу дийнахь. Флоридера иза Виржине вахара, цигара – ОхIайо а, Нью-ХIемпшире а. ОхIайохь Ромни дагахь ву цхьаьнакхетарш дIадахьа Шинарин дийнахь а. Цу штатехь, Колумбусехь, митингехь вист хуьлуш, Ромнис а кхайкхам бира, хийцамаш хиларехьа кхаж таса аьлла.

Ромни Митт: «Ирсечу кхане неI йолуш ю. Иза схьайиллина а ю. Вайга хьоьжуш а ю иза. Шун болх, шун гIо, шун кхаьжнаш оьшу суна. Дуьло, соьца дIагIур ду вай. Цхьаьна дIагIур ду вай. Кхана вай дIайолор ю керла кхане».

Харжамийн каппаш дIайоьллучу Лахьан-беттан 6-чу дийнахь цу харжамийн жамI муха хир ду хууш дац. Юккъерчу барамехь Обама Баракан рейтинг жимма лакхара ю. Амма Iамеркехь лоруш йолчу социологин сервисаш бинчу талламаша гойтуш ду царшиннахь мила тоьлур ву хууш цахилар.

Шиа а кандидат толам баккха гIерташ ву ОхIайо-штатехь. Цу штатехь толам баьккхинарг хила мегаш бу Iамеркан рогIера президент бохуш, чIагIдо говзанчаша.

Дага доуьйту, 200 бΙе шо хьалха тΙечΙагΙъяррах еха Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташакахь президент харжаран шина тΙегΙанах лаьтта кеп. Цуьнан бухехь ю Конгрессехь болх бечу гонан а, могΙарерчу бахархойн а шаьш-шайгара харжам бан конституцино кхачош йолу бакъо.

Къастам бо халкъо билгалбохучу харжамхойн могΙарша. Президент хила, 538 кхожах баккха беза 270. ХΙора штатера харжамхойн декъабоьлхучу нехан терахь оцу штатехь бехачу нехан дукхалле хьаьжжина хуьлу (хьажа: карта). Масала, Конгрессехь Калифорнера 55 декъашхо ву, цундела цигара ву 55 харжамхо а, ткъа ша хьалхатеттина 3 конгрессмен бен а воцчу Аласкера 3 харжамхо бен а ца хуьлу президент къасточу нехан декъахь.

Цул совнах, харжамийн гонаш а болуш, цига боьлхий, кхаьжнаш а тосуш, Европехь санна, халкъо а дакъалоцу харжамашкахь. Штатийн цΙарах къастам бечу харжамхойн а, халкъо тесначу а кхаьжнийн жамΙаш, вовшашца а дустий, билгалвоккху президент.
XS
SM
MD
LG