ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штаташна довзийтина шайн харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортарх долу бакъдерг


2016-чу шеран президентан харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортарх йолу шеконаш зуьйш бинчу белхан жамI довзийтина лерринчу прокуроро Мюллер Роберта.

Документ пачхьалкхан инарла прокуроро Барр Вильяма Конгрессе дIахьажийначул тIаьхьа зорбане даьккхина юстицин министраллан сайто.

"Оьрсийчоь 2016-чу шеран президентан харжамашна юкъагIортарх болу таллам" ю документан цIе, лаьтта 448 агIонах. Талламан хьасташ а, башхаллаш а хьулъярхьама, дакъа юкъара а даьккхина, арахецна иза.

Текст сов еха хиларна, мелла а хан оьшу документ зерашка даккха.

Хьалха бовзийтина хилла хаамаш декъалоцу документо – эпизодаш ю Оьрсийчуьрчу хакерех а, "троллех" а лаьцна.

  • Нахалахь "троллийн фабрика" аьлла евзачу Оьрсийчуьрчу "Интернет-талламийн агенталло" йинчу дуьхьалонех ю хьалхара эпизод. Совдегаро Пригожин Евгенийс ахча латтадо цунна, иза зIенехь ю Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца, чIагIдо юкъараллехь.
  • Хиллари Клинтонна а, Iаьмеркан Штатийн демократин партина а дуьхьал Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн "Талламан Коьрта Урхаллан" - ГРУ) хакерша динчу зенах лаьцна ю шолгIа эпизод.

КхидIа документо довзуьйту Wikileaks-ера (къайлаха информаци Iорайоккху дуьненаюкъара вовшахкхетаралла) харжамашна хилла зен. Хоуьйту Оьрсийчоьнан векалшца Штатийн президентан Трамп Дональдан, иза харжале а, хаьржича а, юкъаметтигаш леллийла (хьалха а даржийна ма-хиллара, оцу юкъаметтигаша Штаташна зен ца дина, боху документо).

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента "дика де" аьлла къастийна Мюллеран хаамаш баржийна де. Цо рогIехь дIахьедина, Оьрсийчоьнца цхьаьна кийтарлонаш еш ца лелла цхьа а, аьлла.

Мюллеран дIахьедар довзуьйтуш хIоттийначу пресс-конференцехь инарла прокурора Барра кхин информаци а йовзийтира. Амма ца элира Трмпна дуьхал хIума. Оьрсийчоьно баккъал а йина харжамашна дуьхьало, амма Iамеркара бахархой а бу оцу бехкан декъахь бохург тIечIагдан тоьшаллаш дац, билгалдаьккхира Барра.

Демократаша критика ян йолийна инарла прокуроран къамелна – цо журналисташца дIаяьхьнарг "партин" пресс-конференци ю, боху цара.

Федералан Талламийн Бюрон (ФБР) директор Iийначу Мюллер Роберта талла йолийра Оьрсийчоь шеран харжамашна юкъагIиртина аьлла яьржина информаци. Зераш дIахьош шеконе ваьккхинера 34 стаг. Царех 6 вара Трампан гIоьнча, ворхIалгIаниг вара иза ша. Оьрсийчуьрчу нахах бехкевора 25 стаг – хакерш, "тролаш", царех жоп лурш. Оцу нехан аьтто баьлла Демократин партин аккаунташ йовза, электронан яьшканаш елла, цул тIаьхьа социалан зIенашкахула харцдерг даржо, чIагIдора талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG