ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Усманов Iимранан дахаран философи гойтуш ю цуьнан кхолларалла


Imran Usmanov, Chechen Singer
Imran Usmanov, Chechen Singer

«Малика», «Дагмара», «Зама», «Кхоьру со» иштта дIа кхин а (200 сов) эшарийн автор ву бакъволу хьалкъан артист Усманов Iимран. Цо кхоьллина хIора а йиш, яьржий дIасайоьду, дозанаш а хедош.

Муьлха хьайн йиш ю хьуна уггаре а хьомениг аьлла хаьттича, наха къобал йийриг ю, аьлла жоп делира Усманов Iимрана.

Цуьнан хIусамехь хилира тхойшинан хIара къамел. Шен кхоллараллан некъ болабаларх лаьцна долийра цо шен къамел.

Усманов: «Жима волчу хенахь дуьйна хIара некъ билгал баьккхинера ас сайна. Тхан дас эцнера пластинка, «Ах сахьт Парижехь» аьлла цIе а йолуш. Цу тIехь композитор, илланча, байтанча аьлла вуьйцуш вара цхьа стаг. Со а хир ву иштта аьлла дагалецира ас. Амма и Iалашо ахьа лацарх ца тоьу, хьуна Дала и похIма делла дацахь».

«Малика» олу йиш Усманов Iимрана ша школехь доьшуш волуш яьккхина. ХIинца иза кхечу мехкашкахь а, кхучу меттанашкахь а декаш ду. «Дагмара» йиш кхоллар а ша тайпа хилира шен бохуш дийцира цо.

Усманов: «Школехь доьшуш волуш язйира ас «Малика» цIе йолу йиш. Суна хазахетара и цIе. ЙоIана язйинера ас иза. Со училищехь доьшуш волуш язйира ас «Дагмара». ХIетахь яцара вайн цIахь дIаолуш кхаа декъах лаьтта эшарш. Со радио иза дIаязъян вахча, хIара хIун ю, кхо эшар ма ю ахь еанарг аьлла, дIа а ца язйира сан иза. Амма хан яьлча наха тIеийцира иза».

ТIаьхьарчу масийтта шарахь, эвсараллийца кхоллараллехь къахьоьгуш ву Усманов Iимран. Тахана, кар-кара а оьцуш, дIаолу цуьнан «Зама», «Кхоьру со» кхин долу а иллеш. Дагахкхеташ дешнаш а, мукъамаш а бу церан.

Усманов Iимран а, кхиболу нохчийн халкъан иллиалархой а доккхачу декъана Ножай-юртара схьабевла бу. ХIун бахьанаш го хьуна иштта коллараллан похIма долуш шу хилар, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира цо.

Усманов: «Ножай-юртахь бан дIоггара дукха белхаш бац, къола дан меттиг а яц. Ножай-юрт ша цхьа хаза, беркате меттиг ю. Нах вовшашца мерза, бертахь бу. Цхьайолчу меттигашкахь дош ца хета иллиалархо. ДIавала, прокурор гIо олу. Ножай-юртахь илли олуш велахь, хьо говзанча хиларх кхета».

Авторан эшарш нахана юкъахь яьржина хилар боккха кхиам лору. Амма кхечу йишлакхархоша, хатта а ца хоттуш, уьш дIааьлча, мел ца дийцахь а, халонга долу иза. Авторан бакъонаш ларйеш ца хиларх лаьцна ша дийца а ца дуьйцу, элира Усманов Iимрана.​

Усманов: «Суна гIеххьа новкъа хета, хатта а ца хоттуш, сайн илли дIааьлча. Хьоьгара пурба а доцуш, хьан доьзалхо вацо вигар санна хета суна иза. Авторан бакъонашца долу гIуллакх ледар ду вайн».

ТIедогIучу керлачу шарца Усманов Iимрана декъал бира радиоладогIархой. Шен амалехь кIеда, довха дешнаш элира цо.

Усманов: «ТIедогIучу керлачу шарца вайн халкъ а, радиоладогIархой а декъал бан лаьа суна. ДIадаханчу шарахь дуккха а вонаш гира вайна. Адам дика хьега кхоьллина ду. Во хьега кхоьллина дац. И вонаш а ца гуш, бертахь, вовшийн сий а деш, беркатехь дахар хуьлда вайн!».

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG