ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Устрадера мел кIезиг а исс эскархо велла Украинехь – хьалхо къоъ къалхарх бен хууш дацара


Устрада-ГIала, гайтаман сурт
Устрада-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийн Устрада-ГIалин Iедалхоша дIахьедина, Украинерчу тIамехь эгначу иссаннан доьзалашна шаьш ахчанца гIодарх. Церан цIераш ца йовзийтина, цул хьалха меттигерчу куьйгалло церан кхалхарх хаам бина бацара.

Кавказ.Реалиин редакцина йиллинчу хьасташкара хууш дара Оьрсийчоь Украинана тIелатарехь Устрадера кхоъ валарх. Уьш бара Аларханов Iаьрби а, Мадаев Iиса а, Эсембаев Тамералан. "Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталлин публикаци тIехь яздо, Устрада-ГIалара мел кIезиг а исс стаг велла аьлла, амма байъинарш кхин а алсам хила тарло.

  • ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Закан-Юьртара 24 шо долу Саитов Дукхваха стигалкъекъа-беттан 29-чохь веллийла хиира "ЧГТРК "Грозный" телеканало эвларчу школана цуьнан цIе тилларх а, мемориалан у схьаделларх а лаьцна йинчу репортажехь. Оцу репортажехь хьахийра, бараме веанчу премьер-министро Хучиев Муслима Закан-Юьртара кхин а веллачу иссаннан доьзалашна ахча даларх. ХIинццалц схьа оцу нахах хаийтина дацара, церан цIераш хууш яц.
  • Карарчу хенахь Кавказ.Реалии сайтана хууш ду Украинехь тIом болабелчхьана Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 1657 эскархо валарх. Царех лаьцна хиина зорбанан гIирсашкахь бечу хаамашца а, Iедалхойн дIахьедаршца а, бакъоларйархойн хаамашца а, редакцин шайн хьасташкахула а. Билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.
  • Лахьан-беттан 30-чохь Кавказ.Реалии редакцина къаьстина Украинерчу тIамехь кхелхинчу Нохчийчуьра 140 вахархочух. 29 велла аьлла, хаамаш зорбане бехира махкарчу Iедалхоша а, меттигерчу зорбанан гIирсаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG