ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президентана винчу денна ши дин белла Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан

Узбекистанан президентана Мирзиёев Шавкатана хохку ши дой белла совгIатна цуьнан 65-чу винчу денна лерина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIун мах бу оцу совгIатан хууш дац, амма хьалха талламчаша хаамбора: Кадыровн 128 езачех говр ю, цара, масех шерачохь декларацихь хьахийна доцу, бIе миллион соьмана пайда бина цунна аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Узбекистанан президентана совгIатна елла говраш муьлхачу хIух ю, билгалдаьккхина дац. Стохка Кадыровс шен йоIана, культурин министран даржехь йолчунна, ши миллион сом доьху дин белира совгIатна. 22 шо долу Кадырова Iайшатана ло санна кIайн, Оьрсийчохь наггахь бен доцчу тинкер хIух йолу хохку говр кхечира, яздора хаамийн гIирсаша.

Коррупцина дуьхьало латточу талламхойн "Трансперенси Интернешнл – Россия" центран талламехь билгалдаьккхира, 2014-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц хиллачу говрашхахкаршкахь Чехихь Кадыровн говраша 110,5 миллион сом даьккхира, Германехь – миллион сов, амма Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан мехкаша а Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал тоьхна санкцеш бахьана долуш, и ахча дIа ца кхечира Кадыровна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь йолчу говраша 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь говрашхахкарехь даьккхира 33 миллион 724 эзар сом, хаамбира МБХ медиа" гIирсо. Немцойн Turf-times портало дийцарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалецира Дубайхь хилла кхаа говрашхахкарехь, цара даьккхира 236, 182, 29 эзар евро.
  • Хьалхо хаамбарца, ялх миллион доллар доьхуш йолу, Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхна санкцеш бахьана долуш Чехихь йиссина Кадыровн говраш, хахка магочу хенара евлла. Ерриг а кхоъ хохку говр а, шиъ цIенчу хIух бекъа а яра Чехихь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG