ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Узурпатор" йаздарана гIуда тоьхна: Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а рогIера репрессеш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкахь соцуш дац оьрсийн эскар Украинина тIелатарна дуьхьал болчу нехан хьокъехь репрессеш лелор. Кавказ.Реалиин сайто иштачу хиламех лаьцна дуьйцу.

  • Эскарна "дискредитаци" йарна бехкево Астраханан вахархо Хабибулин Ифрат. ГIалин Труссовскан кIоштан кхеле кхаьчна гIуллакх, цигахь толлуш ду иза.
  • Краснодаран махкарчу Армавиран гIалин кхело полицига йухадерзийна "дискредитацин" артиклехула долу Калюжный Юрийна дуьхьал даьккхина хилла гIуллакх.
  • Волгоградан гIала-спутник йолчу Волжскан вахархочунна Толстоноженко Вячеславна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхах дерг девзина. Кхело 30 эзар соьманна гIуда тоьхна цунна лахьан-беттан 29-хь Ленинан майданахь "Путин – узурпатор" а, "Импичменто тIом сацора бу" йозанашца плакаташ эцна пикете араваьллера иза. Кхелехь Толстоноженкос бехк тIелецира, амма билгалдаьккхира, шена хетарг дIаолуш вара ша, аьлла: тIамехь оьрсий байъарна дуьхьал ву иза. Цо тIетуьйхира, 2011-гIа шо дIадаьлча президентан Путинан "цхьамогIа политикан а, экономикан а аьттонаш бара, кхоллайелла проблемаш листа, амма и ца дира".
  • "Дискредитацин" артиклехула протокол йаздира Волгоградан вахархочунна Смирнов Андрейна дуьхьал, дечкен-беттан 18-хь Дзержинскан кIоштан кхело гIуда тоьхна цунна.
  • ГIебарта-Балкхаройчоьнан Баксанан кIоштан кхеле эскарна "дискредитаци" йаран артиклехула административан гIуллакх кхаьчна меттигерчу вахархочунна Гуков Хьусейнна дуьхьал. И талларан хан билгалйаьлла йац.

Эскарна "дискредитаци" йарна къилбан регионашкахь жоьпалле озийра полисхо, диакон, Оьрсийн православан килсан мозгIар, школера хьехархо, лаккхарчу доьшийлан хьехархо, ФСИН-н белхахо, кхинболу белхахой а.

"ОВД-Инфо-н" хаамашца, дIакхайкхийначу мобилизацина дуьхьал йолчу акцешкахь йерриг пачхьалкхехь гезгмашин-беттан 21-26-чу деношкахь 2 419 стаг дIалецира. Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь хIетахь акцеш хилира Махачкалахь, Нальчикехь, Краснодарехь, Волгоградехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG