ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаурмах 19 стагана дIовш даьлла Нохчийчохь


Шинариндинахь дарбан хIусаме кхачийна дIовш даьлла 19 стаг. Соьлж-ГIаларчу инфекцийн дарбанан хIусамера лоьраш бинчу талламца, къастина цара массара а цхьана меттехь шаурма йиъна хилар. Дарбанан хIусаме охьабехкинчарна юкъахь ду 7 бер. Дарбан хIусаман векало даре дира цаьрна дIовш шаурмах даьлла хилар а.

Лор: «Кхаьчна уьш тхо долчу. Тхуна ца хаьа цара мичахь йиъна шаурма. Цаьрга хатта деза иза».

Шаурмаш а, бургерш а олий тIе йоза а яздой кегий ларёкаш Нохчийчохь йоцуш меттиг яц. Соьлж-ГIалахь уьш жигара схьайоьллуш ю. Доккхачу декъана цигахь болх беш хуьлу Азера баьхкина белхахой.

Цхьана стагана чохь дIасахьовза меттиг йоцучохь 3-4 белхахо хуьлу болх беш. Чухьаьжча а гуш хуьлу цIаналлийца гергарло церан кIезиг хуьлуш хилар. Исаева Липа дуккха а хан ю кхача кечбеш болх беш йолу. Цо а билгалдоккху шаурмаш юхкучу меттигашна Нохчийчохь чIогIа паргIато елла хилар.

Исаева: «ТIаьхьарчу хенахь шаурмаш юхку ларёкаш массанхьа схьайоьллуш ю. Царна бакъо а ло уьш хIитто. Шаурмаш муха еш ю а ца хаьа. И жижиг тIехь латта а дой, дIадохка кадолу церан. Шайн лаьттина сурсат дIадахийта хаьа царна. Коьртачу декъана бераша а, баккхийчара а дIаоьцу иза».

Шаурмаш юхку меттигаш ишколашна а, берийн бошмашна а, нах дукха гуллучу меттигашна уллехь хуьлу. Тамашийна дерг ду хIинццалц нахана царех дIовш даьлла ца хилар, бохуш кхин дIа а дуьйцу Исаева Липас.

Исаева: «И нах могуш буйла а ца хаьа вайна. «Беркатехь» ларекаш ю дIахIиттина. Арахь цIанъеш ю цара картол а, хох а. ДIовш ца даьлча долий тIаккха? Соьга хаьттича оцу балхана тIаьхьа а ваьлла хьажа везаш вара-кх».

Шаурмаш а, бургерш а юьхку кхин цхьа кхачанан чоь а йиллина Соьлж-ГIалахь. Селхана цуьнах дIовш даьлла нах дарбан хIусаме бигинчу хенахь Путинан проспектехь схьайиллира кхин цхьа цу тайпа кафе. Цуьнан долахо ву Оьрсийчохь вевзаш волу Тимати олу йишлакхархо. Иза схьаеллар хилира леррина далийначу эскаро и меттиг гоне а лаьцна. Иза динера зулам ца хилийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG