ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь дIаяьккхина цхьана денна хьажийна кхоьллина 14 фирма. 2016-чу шарахь цара 1 миллиард сом барам болу шеконе финансийн операцеш йина хилла, яздо «Регнум» агенталло.

Цу компанешна юкъахь ю стохка кхоьллина хилла «Индег-Групп» а, «Строй-Плаза» а, «Мега Строй» а, «Потокстрой» а, «Интерстрой-88» а, «Эрна» а, «Стройпроф» а, «Ротор» а, «Олимпстрой-76» а, «Ультрастрой» а, «Строй Маркет» а, «Бизнес Строй-100» а, «Премиум» а, ткъа иштта «Умар-2016» а.

«Регнум» агенталло билгалдаккхарехь, цу компанешна регистраци йина хилла Оьрсийчоьнан федералан ялъяккхаран сервисан Нохчийчохь йолчу кIоштанийн юкъара № 6 инспекцехь. Юьйцучу фирманаша цхьана а кепара болх ца бина.

Уьш кхоьллина нах а, церан хилла куьйгалхой харц долахой хилла. ТIехула тIе и компанеш ца хилла шаьш гайтинчу меттигашкахь болх беш.

XS
SM
MD
LG