ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтин тIехьажархоша нохчийн тутмакх вер теллина даьлла Челябинскехь


Исраилов Султан вер толлуш долийначу бехктакхаман гIуллакхна юкъара "Медиазоно" зорбане даьккхина сурт сурт.
Исраилов Султан вер толлуш долийначу бехктакхаман гIуллакхна юкъара "Медиазоно" зорбане даьккхина сурт сурт.

Меттигерачу набахтехь чохь валлош хилла нохчийн тутмакх Исраилов Султан веран хьокъехь таллам дIабирзина Челябинск кIоштехь. Бехке веш ву шиъ тIехьожушверг-полисхо. 2015 шарахь Iай цу шимма Исраиловна къиза етта а йиттина, тIехьа дихкина куьйгаш а долуш, вортанах муш а тесна ирахоьллина вийнера. И зулам къайладахьа гIерташ иза ша шена хорам а бина велла лара гIерташ хилла набаахтан куьйгалла.

Исраилов Султан набахтера аравала цхьа бутт ца кхоччуш хан йисинчу хенахь вийнера. ХIинца а къастонза дисина иза даран бахьана. Цунна тIехь динарг къеггина масал ду Оьрсийчуьрчу набахтешкахь даллачу хьолан. Къаьстина нохчийн тутмакхийн хьал дика ца хиларна шеко яц бакъонашларъярхочун Саратова Хедин. Гергарчу хенахь цу хьокъехь Москох бехктакхаман урхаллан хьаькамашна тIекхача дагахь а ю иза.

Саратова: «Султан вийначарна хIун таIзар хир ду аьлла со Москох яхнера. ХIинца а, схьагучу суьртаца, кхин башха дIоггара чIогIа таIзар дийр долчух тера дац. Кху беттан 12-чу дийнахь со юха а Москоха оцу урхалле яха дагахь ю. Дуккха а аьрзнаш а ду соьга кхаьчна иштта тутмакхашкара. Царах а, оцу вийначу Султанан гIуллакх а дуьйцура ду ас цигахь».

Шега а, Нохчийчохь болх бечу шен накъосташка а и тайпа аьрзанаш кхочуш хиларх лаьцна дуьххьара хаам беш яц бакъонашларъярхо Саратова. Оцу гIуллакхан ша хьалха а дора и цхьаьнакхетарш бехктакхаман урхаллан куьйгалхошца. Амма къамелаш а хуьлий дуьсу уьш, боху цо.

Саратова: «Шайн махкахь и нах хан такха бита йиш яц шу олий хотту оха цаьрга. Бехктакхаман урхаллан куьйгалхочун гIовсаца цхьаьнакхетар динера ас, леррина и гIуллакх дийца. Амма хIара гIо дийр ду аьлла дог тешийна цIа ца еара-кх со цигара».

Саратова Хедин дукха хенахь дуьйна тусаделла цхьа хIума ду: мел лакхара бакъонашларъярхо хилча а, цуьнан ницкъ кхочучух тера дац тутмакхашна тIехь лелочу харцонашна дуьхьало ян. Оьрсийчура коьртачу омбудсменца Москалькова Татьяница шен цхьаьнакхетар хилча хиира шена иза элира цо.

Саратова: «Со цецъелира цхьана хIуманах. И аьрзнаш дукха долун дела со Москох Москалькова йолчу яхара. Цо суна хьалха охьадиллира Карелехь чохь валлочу нохчийн тутмакхан шина кIентан гIуллакх, Хеда, хьан аьтто хир барий цу шинна гIо дан,- аьлла. Иза ю хьуна Оьсрйичурчу адамийн бакъонашкахула векал, инарла ерг. Ас элира, Татьяна Николаевна, со чIогIа цецъели кху гIуллакхах, со-м хьоьгара гIо деха еана яра, аьлла».

Нохчийн тутмакх Исраилов Султан верна бехке вечу шина тIехьажархочун гIуллакх кхеле кхачор ду кестта. Иза, мел чIогIа дийцахь а, цу шинна яьккхий хенаш тухур ю аьлла ца хета кхечу бакъонашларъярхочун Мальсагова Асетан. Нохчийн кхелаш санна шайн бахархошна яьккхий хенаш ца етта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь, элира цо.

Мальсагова: «Вайн Нохчийчохь санна тухуш хенаш яц кхечу меттигашкахь. Вайн цIахь вилспет лачкъийча а, миллиард лачкъийча санна хан туху вайн кхелаш. Ткъа шайн нахана кхечу кхелашкахь ца туху. Исраилов вийначу шинна а яьккхийн хенаш тухура ю аьлла ца хета суна. Кху тIаьхьарчу 20 шарахь суна гина-м дац цара яьккхий хенаш тоьхна».

Оьрсийчоьнан бехктакхаман система бухара дуьйна хийца езаш хилар дукха хенахь дуьйна дуьйцуш ду. Коьрта бахьана ду набахтера араваьлла стаг таваларан метта оьгIазло а йолуш, ша лелийначу харц некъа тIе юхаволуш хилар.

Эзарнашкахь нохчий а бу иштта чохь бахкош. Цаьрга тоьхна хан цIахь яьккхийта аьлча гIуллакх хуьлуш дац. Исраилов Султан а, иза санна бехк боцуш цигахь байина тутмакхаш а дийна бисина хила магара, уьш цIахь хан токхуш хиллехьара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG