ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Говр татта" хезара "Чернокозовохь"


Турнирана кечам а бина, иза дIаяьхьнарг яра къаьмнашна юкъахь доттагIалла лелон клуб «Кунаки». Цуьнан президенто Успанов Юнис иштта элира оцу къовсадаларх а, цуьнан жамIех а лаьцна.

Успанов: «Вайна хууш ма хиллара, кхузахь чубоьхкина нах бу. Мухха а бахьанашца уьш кхуза кхаьчнехь а, церан гIуллакхе хьажа деза вай. Дуккха а мероприятеш а йина оха. Спортан кхин а къийсадарш а дIахьур ду, артисташ а, Iилманчаш а балор бу».

Цхьана хенахь дика цIе йоккхуш яцара Чернокозовера набахте. Хийла стага бала лайна меттиг ю иза. Жигара тIемаш боьдучу хенахь, оьрсийн эскархоша цу чохь дукха адам хьийзийна.

Тахана и набахте Оьрсийчохь тоьллачарех лоруш ю. Хьуна муха хийтира, тутмакхийн хьал а, дахар а муха ду цигахь хаттарна иштта жоп делира юкъаралхочо Успанов Юнис.

Успанов: «Оцу набахте лела волавеллачу хенахь дуьйна, ас толлуш дара церан цигара хьелаш. Цара массара бохуш дерг юучуьнца а, молучуьнца а, хан яьккхарца а хьал во дац. Суна лаьара иштта набахтешкахь Оьрсийчохь чохь бохкуш болу тутмакхаш цIа а балийна, кхузахь уьш латтабойла».

Чернокозово эвларчу набахтехь шинариндийнахь дIаяхьира шахматех ловзаран турнир. Наур кIоштахь, шаьш-шайх бIобулучу шахматхошна ма хетта атта ца хилира оцу къийсамехь толамбаккха. Хьалхара меттигаш, бакъду, ехира хьешаша, амма, шолгIа а, кхозлогIа а меттигаш ехира тутмакхаш.

(ХIара видео яийтина Маршо Радионе "Чернокозовохь" шахматех ловзар вовшахтоьхначу "Кунаки" тобан куьйгалхочо Успанов Юнис)

Адам цIе йолчу шахматхочун хетарехь, иштта цхьаьнакхетарш кест-кеста дIадаьхьча дика хир дара.

Шахматхо Адам: «ЧIогIа дика чекхйелира хIара мероприяти. Тхо Наур кIоштара шахматийн клубера ду. Чубоьхкина нах кхана-лама цIаберза безаш бу. Тхо даьхкина чIогIа хаза а хийтира царна».

Тутмакхана Журненков Сергейна хетарехь, царна чIогIа пайда болу цу тайпа мероприятеш дIаяьхьча.

Журненков: «Оха къобалбо тходолчу баьхкина нах. Тхуна чIогIа хазахета иштта хуьлуш. Тхуна даима тов иштта хьеший. Оха дегнашца а, синкхетамца а тIеоьцу уьш. Шахматашца боьзна муьлха а гулам оха дика тIеоьцу. Оха баркалла олу царна».

Еккъа цхьана шахматашна тIехь соцур дац Чернокозоверчу набахтера спортехь хьунарш къовсар. Кестта мини-футболан а, стоьлан тIера теннисан а къийсадаларш дIахьура ду цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG