ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ройс Эд: Оьрсийчоьно шуьйра кампани йолийна демократин пачхьалкхаш йохон Iалашонца


Iамерка -- Конгрессан векалаллан чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан куьйгалхо Ройс Эд. Вашингтон, 2017
Iамерка -- Конгрессан векалаллан чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан куьйгалхо Ройс Эд. Вашингтон, 2017

Кремл тахана юха а Iаткъам бан гIерташ ю Франци а, Германи а, Итали а санна йолчу Европерчу пачхьалкхашкахь хир болчу харжамашна, евроатлантикан стурктурашна а, евроатлантикан доттагIаллина а дуьхьал болчу кандидаташна гIортор а еш.

Цунах лаьцна еарийдийнахь дIахьедар дира Конгрессан векалаллан чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетехь Оьрсийчоьнехула хиллачу ладогIаршкахь цу комитетан куьйгалхочо Ройс Эда, бохуш яздо "Iамеркан Аз" зорбанан портало.

Конгрессмено Ройса дийцарехь, Москоха шен Iалашоне кхочуш пайда оьцу цхьацца гIирсех, шайна юкъахь харц информаци яржор а, коррупци лелор а долуш. Цо керла кхерамаш кхуллу Европерчу демократин институташна. Цара кхерам тосу Iамеркан а, Европан а альянсан кханенна.

Конгрессан комитетехь хиллачу ладогIарийн цIе яра «Демократин институташ йохор а, НАТО-н барт бохор а: Оьрсийчоьнан харц информацин герз. Конгрессменаша цига кхайкхинера лаккхара Iамеркера а, дуьненаюкъара а тешаш.

Иштта, цу хаттарехула шайна хетарг довзийтира Эстонин хиллачу президенто Илвес Тоомаса а, Iамеркан пачхьалкхан секретаран политикан хаттаршкахула гIоьнча хиллачу Блумфилд Линколна а, ОБСЕ-хь Iамеркан векал хиллачу Бэер Дэниела а ткъа иштта Европан политика тигаран Центран вице-президенто Доран Питера а.

ЛадогIарш хилале хьалхарчу дийнахь комитетан куьйгалхочо Ройс Эда дIахьедар дира, Оьрсийчоьно шуьйра кампани йолийна демократин пачхьалкхаш йохор а, НАТО санна йолу альянсаш йохор а Iалашонца.

Цо дийцарехь, Украине тIамца чуяхарал а, Шемахь маьршачу нахана тIе бомбанаш еттарал а сов, цо иттаннаш миллионаш долларш хьажийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Европана а дуьхьал хьажийна харц информаци яржорна а, пропагандина а.

Ройсна хетарехь, Оьрсийчоьнан агрессина Iамерко жоп далар еххачу хенахь ледара а дара, шен Iалашоне кхочуш а дацара.

Информацех герз деш а, кхин йолчу мостагIаллан гIулчаш йохуш а Оьрсийчоьно дIахьочу политикана дуьхьало ян мелла а эвсаре некъаш лаха аьтто бийр бу Конгрессан комитетерчу ладогIарша, боху Ройса.

Нью-Йорк штатерчу конгрессмен-демократо Энгел Элиота дагадаийтира, Iамеркан талламан сервисаша динчу жамIашца а догIуш, Путинан режим яра 2016-чу шарахь хиллачу харжамашна юкъагIертарна тIехьа лаьтташ.

Цо кхайкхам бира Вашингтоне а, Европерчу шайн бартхошка а цхьаьна дуьхьал латта деза Оьрсийчоьнан киберкхерамашна а, харц информацина а, пропагандина а аьлла, дуьйцу "Iамеркан Аз" зорбанан портало.

XS
SM
MD
LG