ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударша дакъалоцу "реалити-шоу" ю кечъеш Дагестанан лаьмнашкахь


Дагестанехь кестта телевизионехула гайта йолалур ю зударша дакъалоцу «реалити-шоу". И телепроект цхьаьна кхочушйийр ю республикан "ГТРК Дагестан" телевизионо а, "Тарковский медиа" компанино а, яздо Кавказ.Реалии сайто.

«Юхадерзар» цIе йолчу цуьнан чулацам иштта бу. Проектехь дакъалоцучу зударша 20 де доккхур ду ломарчу юртахь, шайн ненананой баьхначу хене юха а бирзина. Царгахь хир яц телефонаш а, кхин болу кхузаманахьлера Iилманан-техникан прогрессан гIирсаш а.

Толам баьккхинчу зудчунна лур ду 100 эзар сом. Проектан декъашхой хоржур бу Стигалкъекъа-беттан 12-чу – 15-чу деношкахь "ГТРК Дагестан" телестудехь.

«Юхадерзар» проектан куьйгалхо ю Алиева Назира. Цо дийцарехь, церан шоухь дакъалаца лууш бу дуккха а Дагестанера мехкарий.

"Кавказ.Реалии" корреспонденте дийцира Алиевас, шайн проектехь дакъалаца луурш самукъане а, кхоларралаца гергарло лелош болу а зударий хила беза, уьш мел хан йолуш бу бохург тидаме оьцуш дац шаьш аьлла.

Къовсадаларехь дакъалоцучу мехкарша а, зударша а кхочуш йир йолчу программан чулацам къайленехь латтош бу. Кхеташ ду хIора дакъалацархочуьнан дезар хилар йет оза а, шовданера хи дан а, халчу хьелашкахь кхача кечбан а, дуьйцу Алиевас.

Амма программана юкъахь кхин дуккха а шайна тIе тидам бохуьйтур болу хIуманаш ду, боху цо. Цундела телепрограмма мичахь йоккхур ю хоуьйтуш дац шаьш боху Алиевас.

«Юхадерзар» проект тера хир ю Оьрсийчоьнан телеканалаша 200-чу шерашкахь гойтуш хиллачу «ТIаьххьара турпалхо» шоух. Иза бакъдо Алиевас а ("ТIаьххьара турпалхо" проектан декъашхой гIеран тIехь бехаш бара, телефон лелор дихкина дара царна).

Делахь а «Юхадерзар» проектехь мацалла а, шело а, кхин йолу халонаш а хьоьгуш хир бац декъашхой.

Шайн «проектехь хIоранна а юкъаметтигаш карон дезар ду кхечу декъашхошца, вовше гIо дан дезар ду, барт каро безар бу», боху цуьнан куьйгалхочо.

«Юхадерзар» цхьа а юкъаметтигаш йолуш хир яц «Дом 2» проектаца, билгалдоккху Алиевас. Шайн къовсадаларехь дакъалоцуш зударий бен хир бац, дуьйцу цо. Иза кхиаме хилийта юкъаозийна бу историкаш а, этнографаш а, кхин болу говзанчаш а.

Магомадова Раиса цIе йолу жима зуда бер а карахь ХIинжа-гIалахь ехаш ю. Цу проектехь дакъалаца лууш яра ша, иза телевизионехула гойтур яцахьара боху цо. Бахьана – республикехь бехачу нехан йолу менталитет.

Ткъа оццу ХIинжа-гIаларчу цхьана школехь «Дагестанерчу къаьмнийн култура а, ламасташ а» хьоьхуш йолу Тилакаева Хасбат кхоьруш яц телекамерех. «Юхадерзар» проектехь дакъалаца лууш ю иза.

Ша хьехархо хиларе терра, ширачу заманахь Дагестанера зударий муха баьхна хьажа чIогIа луур дара шена, боху Тилакаевас, юха шена гинарг а, девзинарг а шен дешархошка дIакхачо, яздо «Кавказ.Реалии» сайто.

XS
SM
MD
LG