ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сийначу китах" левзина яьлла ГIалгIайчура кхиазхо


Полици шен хеннехь ларийна 12 шо долчу йоьIан вуно кхераме ловзар сацо.

«Сийна кит» Iожаллан ловзарх ловзуш меттиг гучъяьлла ГIалгIайчохь. 12 шо кхаьчна йоI ю билгалъяьлларг. Иза схьалаьцна шинарин дийнахь Карабулак-гIалахь, сатосучу хенахь.

Оцу ловзарх хуьлуш долу 50 тIедиллар кхочушдан дезаш ду. ТIаьххьара 50-гIаниг бере ша шена тоха, я цхьаъ вен олуш ду. ХIоразза а Iуьйранна 4 сахьт 20 минот яьлча дан деза олий омар ло корта хьовзийначу кхиазхочуьнга, муьлш бу ца хуучу наха. Карабулакера 5-чу классера йоI тIаьхьара тIедиллар кхочушдан гIерташ юьйла хиина хилла Москох оцу ловзарна мониторинг ечу лерринчу тобанна.

Цара орца даьккхина гIалгIайн полице. Иштта ца хиллехьара иза муха доьрзур дара хууш дац элира гIалгIайн махкарчу берийн бакъонашкахула векало Чахкиева Заремас.

Чахкиева: «Карабулакера полице телефон тоьхнера Москохара, цигара йоI суицид ян гIерташ ю аьлла. Цига дахана, иза схьакарийра тхуна. Ша уьш лебеш бара, хIумма а дан гIерташ яцара ша, бохура оцу йоIа».

«Сийна кит» левзинчу 12 шаре яьллачу йоьIан дегIан тIехь ларш ца хилла цунан декъашхоша йита езаш йолу. Куьйга тIехь, масала, уьрсаца а, лезвица а сийна китан сурт дилла дезаш хилла. Иза хьалхара тIедиллар ду цунах ловзучунна луш долу. ТIехь тIедогIурш кхиъ чолхе хуьлу.

Оцу йоIан аьтто баьлла, уьш Iеха а беш, ша цадинарг кхочуш дина а бохуш, кхин дIа а ловза. Ша а и йоI дикачу доьзалера ю, цхьана а кепара синIаткъам хилла яц бохуш дийцира ГIалгIайчуьрча берийн омбудсмено Чахкиева Заремас.

Чахкиева: «Куьйга тIехь оцу йоIан китан сурт дац. Ткъа ахь цара мел де аьлларг ахь муха дина аьлла хаьттича, ша фотошоп а еш, сурташ дохуьйтура цаьрга бохура цо».

Цхьа ши бутт хьалха хаам баьржира оццу Карабулакехь цхьа жима йоI иштта «Сийначу китах» левзина ирхъоллаелла аьлла. Иза бакъ ца до берийн бакъонашларъярхочо Чахкиева Заремас.

«Сийна кит» ловзар Оьрсийчохь юкъадаьлла 2016 шарахь. ХIинцале а цунах ловзуш гучувалла 200 ца кхоччуш кхиазхо. Итт сов вала а велла оцу ловзаран урхалла дечеран омарца. ТIаьхьарчу хенахь лахделлера цунах ловзар, цунна дуьхьал шуьйра болх болор бахьана долуш. ТIехула тIе схьалаьцнера и ловзар кхоьллинарг.

Амма кху шеран Чиллан-баттахь юха а жигара даьлла боху говзанчаш цуьнах ловзар. Нохчийчохь "Сийначу китах" ловзуш массийта кхиазхо гучуваьлла, амма велла стаг вац. Дагестанехь а, хIирийн махкахь а и бохамаш хилла меттигаш ю.

XS
SM
MD
LG