ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь дIавоьллина Мачаликашвили Темирлан


ПIаьнгаза.

Еарийн сарахь Тбилисехь митинг дIаяхьа кечлуш бу пIаьнгазхой.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:24 0:00
Линкана тIе

Еарин дийнахь ПIаьнгаза чIожехь дIавоьллина меттигера вахархо Мачаликашвили Тамерлан. Гуьржийн полицино дIаяхьанчу лерринчу операцехь коьртах герз кхетта, лазийна, дарбан хIусамехь вара иза. Селхана иза дIавелира, кхин метта ца вогIуш.

Тахана хоьттинчу тезета баьхкина дуккха а нах бара. Де-ненан а цхьаъ бен воцу и кIант кхалхар чIогIа халахетарца тIеэцна наха. Луларчу гуьржий бехачу ярташкара а нах бара тезета баьхкина.

И бохам хиларна ПIаьнгаза чIожера нохчийн юкъаралла кхехка йолаелла. Дукхачара дехкар доьху, шайх пайда а оьцуш, цхьацца политикан ницкъаша шайна Iалашонаш кхочуш яр.

И шайн лаамаш Iедалшка шаьш дIакховдийна шаьш элира ПIьангаза чIожера къанойн кхеташонан куьйгалхочо Хангошвили Хасос: "Iедале, нийсонна тIехь таллам дIахьо бохуш, и хIума дIакховдош ду тхо. Шаьш хьовсур а ду, иза дийр ду боху цара. Тхуна уллехь нах а лаьтта, гуьржий а бу, телевизиона чохь а дуьйцуш ду таллам нийса дIабахьийта беза бохуш. Хуур ду-кх хIун хир ду".

Шайга Iедалша а кадам бина бохуш, кхин дIа а дийцира Хангошвили Хасос: "Премьер-министр а вара телехьожийлехь кадам беш. Цо а элира, и таллам нийсонца дIабохуьйтур бу аьлла. Бакъдерг тIедоккхур ду, бохуш хаза къамел а дира цо. Во дац и гIуллакх, хуура ду-кх кхин дIа муха хир ду".

Мачаликашвилин гергарчара сацам бина кхелехула бакъо къасто. Хууш ма хиллара, гуьржийн полицино, шаьш иза чохь волчу цIа чу лелхаш, цуьнгахь граната хилла боху. Амма кхечу хьасташа дийцарехь, шен телефонана тIекхевдинчу хенахь вийна и жима стаг, коьртах тапча а тоьхна.

Еарин сарахь Тбилисин юккъехь митинг дIаяхьа кечлуш бу пIаьнгазхой.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG