ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дунайн хийистехь "шарI хIотто" гIоьртина "нохчо" кхеле озийна Венехь


Дунайн хийисте.
Дунайн хийисте.

ПIераскан дийнахь Венерчу кхелехь йолаелла 23 шо долчу нохчочунна тIехь кхел. Иза бехке веш ву даханчу аьхка Лахарчу Австрехь хи йистерчу хьуьнхахь садоIучу зудчунний, боьрша стаганий кхерамаш тийсарна.

Прокуратуро чIагIдарехь, шен накъосташца цхьаьна Шамиль цIе йолу жима стаг тIекхаьчна хилла аьхкенан дийнахь цхьа а воцучу меттехь садоIучу цу шинна. Церан духар ца тайначу кегийрхоша кхерамаш тийсина шина адамана.

Цу шиннах цхьаъ Австрехь вевзаш волу блоггер а, сурташдахархо а Бусек Томас хиларна гIардаьлла иза. Бусекс шайга божарийн тобано дийцинарг, къайлаха дIа а яздина, интернете диллина.

Видео тIехь гуш ду, тIехьажарехь, кавказхойх терачу кегийчу наха садоIучаьрга осал мотт буьйцуш. Зудчуьнга шена тIе хIума йохийта боху царех цхьаммо Бусеке. Ца йохийтахь ша цу зудчунна осала ницкъ бийр бу бохуш, кхерамаш туьйсу цо. Цуьнца волу боьрша стаг ша хичу кхуссур ву олуш а хеза.

И видео интернетехь яьржинчул тIаьхьа Iедало схьалехира кхерамаш тийсинарш. Царех масех нохчи хиллера. Лебинчул тIаьхьа кхо стаг дIахийцира. Амма пIераскан дийнахь кхеле озийна волчу Шамилна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадиллира, иза цхьамогIа кхечу талорийн декъа хилар гучу а даьлла.

Кхелехь ша и зуда баккъал а хьийзон гIерташ вацара бохуш чIагIдо бехкевечо. Ша цу зудчуьнца волчу стаге цуьнга тIе хIума йохийта а бен кхин хIума ца элира, вуьшта ша царна хIумма а дан гIерташ вацара бохура цо кхелахочуьнга.

Нагахь цуьнан бехк кхело тIечIагIбахь, 6 баттера 5 шаре кхаччалц хан тоха йиш ю бехкевечунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG