ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВаIданаш кхочуш ца дина кхо бутт. Стенна юкъархиллера "Талибан" Iедале кхаьчначул тIаьхьа, билггал хIун кхочушдина


"Талибано" кхочушданза ялх ваIда: Iедал дIалоцуш тобано тIелаьцна, амма чекх ца даьккхинарг

ХIинцале а кхо бутт буьзна "Талибан" боламо йоллу Афганистанна тIехь контроль латтон, оцу йоллу хеначохь дуьненна хьалха шаьш легитиме гайта гIерта тIалибийн лидерш. Хьалха хилла Iедалан урхалхой бевддачул тIаьхьа, шайн нах пачхьалкхан коьртачу позицешка дIахIитторехь церан проблемаш яцахь а, дуьненаюкъаралло уьш къобалбарца чолхалла лаьтта. Дуьненан юкъаралло масийттазза дIахаийтира, шаьш и дале хьалха, цара шайна тIелаьцна декхарш кхочушдаре ладоьгIуш шаьш хиларх.

Iедале тIемалой богIучу заманчохь, мел кIезиг а, ялх коьрта ваIда кхочушдан тIелецира цара, шаьш чекх ца даьккхинехь а. Настоящее Время телеканало карладоккху оцу ваIдех дерг.

  • Уггар хьалхара а, мехала а - адаман коьрта бакъонаш ларъяр.

И ваIда боллу барамца кхочушдан ницкъ ца кхаьчна тобанан. Цхьана агIор тIалибаша афганхойн бахархойн бакъонаш Iалашъяр тIелоцу. Вукху агIор, тIетаьIIина репрессеш лелайо, бертаза нах шайн хIусамашкара арабоху, кхелаш йоцуш нах бойъу, шайн оппоненташна тIаьхьабевлла лела. Пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь тIех шога дозанаш детта бахархойн маршонна.

  • Зударийн бакъонаш

ХIинцалерачу тIалибийн урхалло чIагIдо, 90-чу шерашкахь Афганистанехь "Талибано" зударшца лелийначу юкъаметтигашца дуьстича, тобанхойн политика кIорггера къаьсташ ю. Цара билгалдоккху, керлачу пачхьалкхехь зударийн бакъонаш Iалашъеш ю, царна магадо пачхьалкхан гIуллакхашкахь дакъалаца а бохуш. Ма-дарра аьлча, ишта дац.

ТIалибаша Iедал дIадаьккхичхьана, пачхьалкхан структурашкахь белхаш беш хилла афганхойн зударийн гIуллакх ладегIаме ду. Официалехь балхара дIа а ца боху уьш, йа шайн балха юхабахка бакъо а ца ло. Зударийн гIуллакхашкахула йолу министралла а дIайохийна, ткъа тIалибийн керлачу Iедалехь цхьа а зуда яц. Боламан векалша диллина дуьйцу, зуда-хьаькам шаьш могуьйтур доцург ду.

  • Зудаберашна дешар

Школашкахь зудаберийн дешарна шаьш новкъарло йийр яц аьлла, чIагIо йинера тIалибаша Iедале баьхкича. Амма юьззина кхочуш ца йина иза. Карарчу хенахь деша битина Балх, Герат, Кундуз, Джуздан провинцешкарчу лахарчу а, лакхарчу а классашкара дешархой. Йисинчу 30 провинцехь лакхарчу классашкарчу дешархоша а, студенташа а дешар юхадолор ду бохург хьехош а дац. ТIалибаша дIахьедо, божарий цхьаьна а боцуш, царна кхерамзалле транспорт а, "гонахара хьал" а хилийта хьийза шаьш.

  • Лулахошца лело терроризм

ДIабаьллачу кхаа баттахь доза цхьаьнадогӀучу цхьана а махкахь тIелатар дина дац Афганистанан территори тIера. Делахь а, биллина туьйсуш кхерамаш бу тIалибаша шайн лулахошна, къаьсттина, "Талибанехьа" шайн шога позици латточу Таджикистанна. Докккхачу декъанна, афганхойн, таджикийн доза лардан тIалибаша хIиттийна тIемалой - Таджикистанехь йихкинчу "ДжамаIат АнсоруллахI" организацин могIарехь Таджикистанера схьабевлларш бу.

Таджикистанца дозанехь йолчу провинцешка протест гойтуш санна дIахьажийнера дуккха а эзарнашкахь нах декъехь болу Iожалхойн тоба "Лашкар-и-Мансури". Цхьаболчу тIалибийн командираша кхерамаш туьйсура, Душанбе тIамца чу гIура ду, бохуш.

  • "Аль-Къайдаца" къастар а, террорихмаца къийсам а

Официалехь дIахьедира "Талибанан" лидерша, "Аль-Къайдин" террорхошца шаьш юкъаметтигаш дIахедорах. Делахь а, бозуш боцчу хаамийн гIирсашна а, тIалибийн критикашна а, мегарг Пентагонна а цхьаьна гучуделира церан харцдерг. ТIалибаша Кабул дIаяьккхинчул тIаьхьа Афганистане юхавера Iусама бен Ладенан хилла гIоьнча Амин уль-Хак.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман буьйраллина хетарехь, Америкаца машаран барт биннашехь "Талибана" дIалелош хиллера "Аль-Къайдица" юкъарлонаш.
Шайн дипломатин позици кхерамна буха ца хIотторхьама, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацина (ООН)хета, тIалибаша "Аль-Къайдица" шайн хилла контакташ мел а лахйинера аьлла.

Терроризмаца къийсам латтон а цкъачунна иштта нис ца ло тIалибийн. Пачхьалкхехь алсамдуьйлу терроран тохарш, ткъа "ИГИЛ-н" тIемалоша маьршша дIаса а лелаш, тIелетарш до тIалибашна.

  • Инклюзиван урхалла

ТIаьххьара а, уггар а диллина дуьненан юкъаралло тIедиллинарг тергал ца дар ду ала тарло - "Талибанан" Iедалхойн керла хIоттам. Цхьабосса пуштунех лаьтташ ду иза: 40 даржах ши гIант дIалаьцна таджикаша, цхьаъ - узбеко.

Дуккха а гоьбевлла Афганистанера политикан гIуллакхдархой чуьра арабовлар дихкина, лецна латтош бара "Талибано". Карарчу заманахь лаьтта Iедал - ханна хIоттийна ду, тIалибаша бахахь а, делахь а, гергарчу хенахь керла кабинет боллу этно-политикан пачхьалкхера ницкъаша дакъа а лоцуш, вовшахтухур ю бохуче а ладоьгIийла яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG