ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци ярх сертификат дацахь Нохчийчохь дихкина юкъарчу транспортца дIасалела а, маьждигашка, туьканашка эха а


Нохчийчоьнан Iедалхоша могуьйтуш дац меттигерчу бахархошна маьждигашка а, туьканашка а эха а, юкъарчу транспорта тIехь дIасалела а, нагахь санна прививка йина хиларх сертификат дацахь. Министрийн кабинетца а, регионерчу кIоштийн куьйгалхошца а дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь бина и хаам вице-премьеро Усмаев Вахьита.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, 100 процент бахархошлахь вакцицнаци ян еза, таллам бан беза, махкал а арахьа бехачара йиний хьожуш а аьлла.

"Маьждигашка богIучаьргахь сертификат дуй хьовса. Иштта, йохка-эцаран метигашкахь а толлуш ду прививкаш яр. Юкъарчу транспортца дIасалелачу бахархошна маскаш лелор тIедожош ду, ишта хила деза карахь вакцина ярх сертификат а, тоьшаллин кехат а (справка)", - аьлла Усмаевс.

Амма вице-премьеро къаста ца дина, муьлха кехаташ хила деза бахархошкахь – лазар текхна хиларх тоьшалла, я ПЦР-тест йина кехат, я прививка тоха мегар дац аьлла, лоьрашкара кехат.

Хьалхао Кадыров Рамзана дIа ма хьедарра, 60 процент бахархошна мехий детташ план кхочушйина 11 кIоштахь, верриг а коронавирусна дуьхьал вакцина тохийтина ву 563 эзар стаг.

"60 терахьна тIехь тоийта ца деза вай, массо а баккхийнаш вакцинацех чекхбаха беза! Цуьнца доьзна ас тIедиллина, махкара баха дIабахнарш иммунизацех чекхбевллий хьовса аьлла", - билгалдаьккхина Кадыровс.

Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдо, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьаяха тарло, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.

"Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.

Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG