ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци ца йина Нохчийчуьра бахархой балхара дIабаха тарло


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ян еза вакцинаци ца еш дуьхьалбевлла Нохчийчуьра бахархой балхара дIабаха бакъо ю куьйгалхочун. "Грозный-информ" агенталлан корреспонденте бина и хаам Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоран урхаллан куьйгаллехь йолчу Термулаева Ритас.

Цомгашнаш Нохчийчохь алсамбовларна цхьайолчу категорешкахь болу нах коронавирусна дуьхьал прививкаш яйта декхаре беш омрана куьйг яздира Ткрмулаевас.

"Эпидемин хьал талхарца доьзна белхан низамашца куьйгалхочун бакъо ю прививкаш ца яйтина шен куьйгакIелара белхахой дIабаха, хIунда аьлча, гонаха болучарна кхераме бу уьш", - дийцина Нохчийчуьрчу коьртачу санитаран лоьро.

Ишта цо билгалдаккхарехь, ресторанийн а, кафен а, туьканийн а долахойн бакъонехь ду, вакцинаца яйта дуьхьалболчарна шайн территори тIехь дозанаш деттар.

Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдо, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьаяха тарло, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.

"Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.

Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG