ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци яйтинчарна совгIаташ юкъа дехкина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

COVID-I9 вирусна дуьхьал мехий деттийтинчарна юкъахь ловзо совгIаташ дехкина Оьрсийчоьнан Iедалхоша. 100 эзар сом кхочур ду гурахь пачхьалкхерчу бахархошна аьлла, яздина ду министрийн кабинетан сайта тIехь, хаам бо Lenta.ru гIирсо.

Къастийна, доьдучу шеран Гезгамашин-беттан хьалхарчу деношкара ГIуран-батте кхаччлц кхаьжнаш тийса таро хир ю индивидуалан номерца вакцинаци йинчийн юкъарчу регистран буха тIехь. Верриг а къастор ву 18 шерел тIехваьлла эзар толамхо, кхетийна урхаллехь.

Барам дIахьура бу лотерейн бонусзаздоровье.рф официалан сайтехь. ЖамIаш оццу сайтехь зорбане дохур ду, иштта хаамийн гIирсашкахь а цхьана.

Кхаж таса юкъа даккхале хьалха вакцинаци яйтинчу бахархошлахь хоржур бу толам баьккхинарш.

  • Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдо, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьаяха тарло, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.
  • "Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.
  • Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.
  • Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG