ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ваша вийра, со закъалтана лецира". ГIалгIайчуьра бахархой терроризмна бехкебарх


Ростов-ГIаларчу тIеман кхелехь Галаев, Алиев, Беков, Цицкиев
Ростов-ГIаларчу тIеман кхелехь Галаев, Алиев, Беков, Цицкиев

2018-чу шарахь дуьненан футболан чемпионат йоьдучу юкъанна терроран тохар кечдарна Ростов-ГIаларчу Къилбан тIеман кхеле хIоттийна ГIалгIайчуьра виъ вахархо. Царех цхьаннан ваша вийра къайлахчу сервисийн декъехь, дуьхьало ян гIоьртинера иза аьлла. Адвокаташа царна дохку бехкаш тIе ца дуьту, и доллу гIулакх бух боцуш ду, боху цара.

"Гуш ду ницкъбина цунна"

Наьсарехь ша вехачу хIусамехь Мангал-беттан 8-чохь лецира Алиев ИбрахIим. Етта а йиттина, стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, дIавигира иза. Цуьнан жимахволу ваша Башир а лецира. Цуьнан хIусамех хьовсучу заманчохь граната а, куьйгайина оьккхуьйтург а карийнера. Алиев-воккхахверг волу меттиг гергарчарна ца юьйцуш, кхо де дIаделира. ТIаьхьо, хIетахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекца а, цIарца вуьйцуш воцчу ФСБ-н инарлаца а цхьаьнакхета аьлла, тIекхайкхира уьш.

Цаьрга хаамбинера, шега хеттарш дечу хенахь ИбрахIим, тукарх ка а тухуш, "АллахIу акбар" олуш, къайлахчу сервисийн белхахочунна тIелеттера, тIаккха вен дийзира иза шайн аьлла. Кхаа баттахь вийначун дакъа дIа ца луш дуьхьало латтийра.

Цуьнан гергарнаш ца тийшира официалехь кхайкхийначу версех, кхаа баттахь кеп-кепарчу инстанцешка лийлира уьш. Кавказ.Реалиига вийначун шичас Алиев Султана ма-дийццара, цхьа хан яьлча ФСБ-но барт бинера цаьрца: ИбрахIиман дакъа дIалур ду шаьш, амма иза дIаволлар нах а ца гулбеш, чоьхьара нах декъахь болуш, шаьш ха а деш, хила деза аьлла. Доьзал реза хилира. Оцу ситуацех хуучу кхин шина хьастано а тIечIагIйира и информаци Кавказ.Реалиина.

Цуьнан дегIа тIехь дийна цхьа меттиг бацара. Гуш дара, ницкъбина вийнера иза

"Цуьнан дегIа тIехь дийна цхьа меттиг бацара. Гуш дара, тIехь ницкъбина вийнера иза. Со цкъа а тешар вац цара дуьйцучух. Малх дIабузале иза чомахь дIаволла а ца дитира тхо, гонах хIоттийна ха дара. Иза лийчочу хенахь а цхьана", - дагалоьцу Алиев Султана.

Алиев Баширан адвокато Зубенко Виталийс хаам бира, Алиев ИбрахIим ницкъбина верах кхелехь дIагайта гергарчу хенахь тоьшаллаш кечдеш ду шаьш аьлла.

Теракт, герз, оьккхуьйтург

Терроран тохар дан кечлуш хиллера аьлла, бехкевинера Алиев Башир. Талламхойн версица, цо а, кхин бархIаммо а ГIалгIайчохь террорхойн "Исламан пачхьалкх" шайх олчучу тобанхойн гара а кхоьллина, 2018-чу шарахь дуьненан чемпионат йоьдучу заманчохь дан леринчу терактана кечлуш хиллера. Иза вовшахтоьхнарг ву аьлла хета талламхошна 30 шо долу Наьсарера вахархо Беков Аслан.

Вовшахтоха леринчу гаран декъашхошна а санна, масех зуламан эпизодашкахь бехке во иза а. Ницкъхошна хетарехь, юьхьанца дуьйна а телеграм-чатехь терроризмана пропаганда еш хиллера цара. Масала, Бековн бехк бу, даIишхоша динчу терроран тохарх лаьцна реза волуш комментарий йитарна. ШолгIа эпизод йоьзна ю, "Исламан пачхьалкхах" дIакхетарца. Кхузахь Беков зулам вовшахтоьхнарг лору, ткъа бисинарш – декъашхой.

Талламна хетарехь, Беков воцург а, гаранах дIакхетта хилла вежарий АлиевгIар а, Галаев Муслим а, Цицкиев Руслан а, АюповгIар Мохьмад а, Урусхан а, Картоев Ислам а, Богатырев Зеламха а. Оцу тобанан могIаршкахь ГIалгIачйчоьнан куьйгалхойн гIишлона уллохь теракт дан лерина бара уьш, дуьненан чемпионат йоьдучу 2018-чу шарахь, боху. Ишта Iалашо хилла бакъоларъяран органийн векалшна тIелата а. Оцу тIера схьа ду, талламан версица, царна бехкаш дахкар - 2018-чу шеран Мангал-беттан 8-чохь ФСБ-н белхахоша юкъахдаьккхина, цара кхочушдан лерина хилла теракт.

ХIетахь лийцира кхеле хIиттийнарш берриш а. Оцу юкъанна, таIзаре балийначарех эххар а Беков а, Алиев а воцург, Галаев а, Цицкиев а бен ца висира.

Талламца берта вахара Картоев Ислам а, Богатырев Зеламха а, хаамбина Кавказ.Реалиига Бековн адвокато Лев Дорофеевс.

Муьлш бу АюповгIар – хIинца а къаьстина дац. Кхелехь цхьаьннан а метта вистхуьлуш вацара и шиъ. Адвокаташ шек бу, бехкбуьллучарна а хууш дац аьлла, оцу гIуллакхца муха боьзна бу и нах.

Бекхебечаьргара даьккхинчу герзах дерг аьлча, Калашниковн автомат лелон бакъо яцара. Диссина герз – таллархойн тоьпаш лело бакъо йоккхуш, даьхна документаш дара цаьргахь.

Талламна хетарехь, теракт дечу заманчохь тарлора цара пйдаэца церан цIахь латтош хиллачу уьрсашца а, дагаршца а. Оцу юкъанна, веанна а тIехь кхел еш ю, бакъо йоцуш герзаш лелорна а.

Сан вешина юьхьанца дуьйна тесна дара иза, иза вийначул тIаьхьа суна кхачийна

Оьккхуьйтург ярца йоьзна эпизод а ю дохкучу бехкашлахь. ГIуллакхна юкъа мел озийначийн хIусамашкахь карийнера куьйгайина лоьлхуьйтурш. Цара чIагIдо, къайлахчу сервисийн белхахоша шайна тийсина ю уьш бохуш. ХIуманашца долчу тоьшаллашлахь ю квадрокоптер а. Талламна хетарехь, шаьш тIелатар дан дагахь хиллачу ницкъаллин структурийн белхахошна тIехь терго латто Iалашо хиллера церан цуьнца.

"Гранаташ суна тесна ю. Юьхьанца сан вешина теснера уьш, иза вийначул тIаьхь суна кхачийна. Веллачунна уьш оьшуш яц, дийначунна новкъа хир яц аьлла, сацамбина цара", - дIахьедина кхелехь Алиев Башира.

Тоьшаллин паччахь

Хьалхо бинчу талламехь Беков Аслана динчу мукIарлонца, АюповгIеран вежаршца а, Богатырев Зеламхаца а "Ихва" олучу телеграм-чатехь вара иза, ткъа 2017-чу шарахь шаьш "Исламан пачхьалкхан" агIончаш ду, радикалан ислам лелош а ду аьлла, хьесап динера цара. Оццу чатехь хиллера долийначу гIуллакхан важа болу декъахой а.

Талламан версица, уьш берриш а хиллера цхьаьна теракт дан лерина, герзаш, лоьлхуьйтурш, уьрсаш лелош, амма лецира.

"Оьккхуьйтург муха ю аьлча, цхьа коьчалан кепехь ю иза. Кхеле хIиттийначара цIахь кечйина ю иза боху, - дуьйцу Лев Дорофеевс. – Кхузахь абсурде хIун ду аьлча, оцу коьчало реакци йо жимма а меттах хьаяхь, эккха там бу иза температура хийцалахь а. Эксперташа боху ишта. Тамашен дара, оцу тайпа гIирс шайн берашна а, зударшна а юкъахь цара латтош хиллехь. Церан цIахь карийна ма боху иза".

1,6 шо а ду и гIуллакх Къилбан кхелехь талла долийна. Оцу хеначохь бехкашдохкучу агIоно шен тоьшаллаш ду далош.

Адвокаташ тешна бу, и гIуллакх бух боцуш ду аьлла, эпизодаш шаьш кхоьллина ю, кхеле хIиттийначарех хьакхалуш а яц. Коьрта тоьшалла лору цара, хьалхо хиллачу талламехь цара бехкаш тIелацар.

Кхелан процессан юьххьехь бехкебечара юхаийцира хьалхо шаьш йина кийтарлонаш. Цара дIахьедира, ницкъхоша тIеIаткъам а бина, етташ, дегIана а, сина а ницкъбина, тIелецийтира шайга бехкаш аьлла. Массо а эпизодашкахь шайга кхийдо бехкаш тIе ца дуьту цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG