ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданарчу дарбан цIийнехь операцеш йийр ю


Веданарчу дарбан цIийнан лоьраш
Веданарчу дарбан цIийнан лоьраш

Еарийдийнахь Веданан кIоштарчу дарбан цIийнехь схьайиллина 10 маьнга а хIоттош хирургин чоь. Яккхий халонаш хьоьгура бахархоша луларчу кIошташка, гIаланашка эха дезарца,мел жима операци ян езаш хилча а.

Хирургин декъехь дIахIоттийна оьшуш мел болу медицинан гIирс. Дарбан цIийнан цхьана лоьро Маршо Радиога дийцарехь, тIейогIучу хенахь муьлхха а чолхе операци ян хьелаш а кхуллуш, корпус кхин дIа а шоръян Iалашо ю коьртачу лоьран.

Хирургин дакъа схьадоьллучу дийнахь Веданахь хилира могушалла ларъяран министр Сулейманов Элхан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG