ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ло ца хилча а, болх бийр бу когсалазийн "Ведучи" курорто


Ведучи. Архивера сурт.
Ведучи. Архивера сурт.

Кху беттан 26-чу дийнахь схьайоьллур ю, кху тIаьхьарчу шерашкахь йийцина йолу Хьачарара когасалазийн «Ведучи» олу курорт. ТIаьххьара кечамаш беш дийнахь а, буьйсанна а болх дIахьош бу цигахь. Дийцарехь, цкъа а ца хиллачу кепарчу даздаршца, беза хьеший а болуш, дIахьур ду и курорт схьаеллар.

Меттигерчу вахархочо Хамзатов Мохьмада дийцира хIокху сахьта цигахь долчу хьолах: «26-чохь схьайоьллу бохуш, махкара мел долу Iедал а гулделла, ша волу стаг кхузахь ву. Канатан некъ бу цигахь, когасалазаш хохку некъ а бу, гIишлош а ю цигахь схьайиллина».

Оьрсийчохь хьовха, дуьненахь а тоьлла хир ю бохучу когасалазийн курортан шен сайт яц кхоччуш болх беш. Цу тIехь билетийн мехах аьлла яздина бен дац. Ски-пасс олучу царах 400 сом доккхур ду, берашна 200 сом.

Ткъа, курортехь когасалазаш хахка некъехь, цуьнан куьйгалхоша дIакхайкхош ду массийта некъ хир бу аьлла. Баьццара а, цIен а, сийна а, Iаьржа а цIерш техкина некъаш хир ду уьш. Дуьххьарниг – Iемачарна, тIаьхьарниг – дика хахка хуучу говзанчашна лерина.

Нохчийн когасалазаш хохкуш берш а бу цуьнах кхаъ хилла, амма, цхьа чаккхарма бен трасса хир бац аьлча, цуьнах мелла а пебетта цхьаболчара.

Сноуборд хохкучу Хизиров Мансура иштта дийцира цуьнах: «Кху махкахь Iачу нахана самукъадала хIума ду иза. Экономикин а, туризм яржорна а дика ду. Амма цхьа хIума ду цигахь –некъ чIогIа боца хир бу боху. Цхьа чаккхарма. Тхо хIинццалц Гуьржийчу Гудаури ихина.

Селхана Эльбрус олучу метте а дахана цIа даьхкина. Цигахь а уггаре а боца некъ 3-4 чаккхарма хуьлу. Иштта беха некъ ца хилча, Iаламат хала хир ду. Цигахь хIун ду хьажа ван лууш верг а я хахка Iама луучунна дика меттиг хир ю Ведучихь. Ткъа, дика хахка хуучарна Гудаури а, Эльбрусе а бахар гIоле хир ду аьлла хета суна».

ТIейогIучу хенахь «Ведучи» курортехь 5 эзар ца кхоччуш стаг тIеэца таро хир ю, бохуш дIакхайкхадо «Къилбаседа Кавказера курорташ» олучу Iедалан корпорацино. Уггаре а лекха меттиг цигахь 3 чаккхарма ца кхоччуш хир ю, амма жимма лахахь ло деш йолу машенаш хIиттина хир ю, хIунда аьлча, хьалха санна шийла а, ло а долуш Iа хуьлуш дац Нохчийчохь.

Ала догIу, «Ведучи» курорт дийнна шарахь болх бийр болуш ю. Аьхка цигахь гIаш а, говрашца а туризм яьржар хиларх шеко яц курортан долахойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG