Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан хиллачу декъашхочо, велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхначу Арашуков Рауфа мацалла кхайкхийна. Оренбурган кIоштарчу «Iаьржа дельфин» цIе йолчу колонихь хан токхуш ву иза. Кху беттан 1-чу дийнахь дуьйна хIума ца кхоллуш дуьхьал ваьлла иза, хи бен молуш дац цо.
Цуьнан адвокато Трубликов Дмитрийс бахарехь, Арашуков гIуданан изоялтор чохь ву, цо тIедожийна "болх бан лартIахь хьелаш" шена латтор, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло. Билгалдоккху, экс-сенатор хьалхо болх беш вара тегарш дечохь.
- 2026-чу шарахь 10 шо хан туьйхира ишта Арашуков Рауфна, ФСИН-ан белхахочунна кхаъ бала гIортарна, латкъам бинчул тIахьа а таIзар хийцанза дитира. И бехктакхаман гӀуллакх доладалале жимма хьалха Арашуковс инстаграмехула шена къинтӀера валар дехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане "доллу а гӀалаташна", ишта цо орца дийхира, шена а, шен доьзална а "таханлерчу хьолехь" гӀо дахьара аьлла.
- Арашуков Рауф а, цуьнан да- «Газпром межрегионгаз» компанин коьртачу директоран хилла хьехамча Арашуков Рауль а лецира 2019-чу шеран гIуран-баттахь. Арашуков -жимахверг лецира Федерацин Кхеташоно шен болх дIахьочу заманчохь. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Москва гIалин кхело шинна а хенаш туьйхира велла дIаваллалц набахтехь вуьтуш. И ший а бехкевира нах байъарна а зуламхойн йукъараллица воьзна хиларна а, газ лачкъорна а. Бехкаш тIе ца лецира цу шиммо, апелляцин а, кассацин а инстанцеша а таIзар хийцанза дитира.