ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла дIаваллалц хан тоьхна Нохчийчуьра тIемало колоница юха а къуьйсуш ву


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Велла дIаваллалц яккха тоьхна хан Хабаровскан кIоштарчу номер 6 йолчу колонихь (официалекхь доцуш олу цунах «Снежинка») токхуш волчу нохчочо Ражаев Мансура иск йелла ФСИН-н хьукматна. Иза луьстуш ю Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан кхел.

ТаIзар токхучо тIедожийна, шен векална а, адвокатана а Европерчу адамийн бакъонийн кхеле дохьуьйту кехаташ къевлина дахьийта ИК-6 колонин белхахоша дуьхьалояр низамашца дац аьлла къобалдар. Иштта искехь Ражаев тIетовжу шегарчу ледарчу хьолана, цо доьху тIейожийначу пачхьалкхан 300 сом йолах ша ваккхар, хIунда аьлча, цунна кхачош дац социалан пособиш, пенсиш, цуьнан кочахь ду диъ бер, ткъа чоьта тIехь цхьа сом а дац.

Юьхьанца дуьйна Соьлжа-ГIаларчу Заводскойн кхело дуьхьало йира иск листа, Нохчийчохь кхел ян йиш яц аьлла, амма мехкан Лакхарчу кхелехь гIаттамхо хиллачо тIечIагIдира, ша вехаш хиллачу меттигехь кхелаца къовса шен бакъо хилар.

ХIара дуьххьара иск яц тутмакхан. ТIаьххьарчу беттанашкахь цо къийсина Соьлжа-ГIаларчу Ахматан-кIоштарчу прокуратурица а, Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратурица а шен латкъам ца толлуш еххачу ханна тесна битарна шегахь латтийначу хьолах компенсаци яккхархьама (Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелоцу тIехь дуьхьало йира). Иштта цо дийхира Оьрсийчоьнан финансийн министраллера 200 эзар сом даккха бохуш, шен ИК-6 колонина духьал яьккхина административан иск таллийтаран бакъо йохорна – Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Охан-баттахь тIеийцира иза, компенсацин мах 30 эзар соьме охьа а боккхуш.

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле листа хьажийна иштта, Заводской кIоштан кхело Ражаевна 50 эзар сом компенсаци яларх бинчу сацамна дуьхьал бина апелляцин латкъам, бакъо йоцуш нохчийн СИЗО-хь цуьнан хьокъехь леррина гIирсаш лелорна.

"Оцу изоляторан белхахоша низамехь доцуш, бакъо эшош хIора дийнахь масийттаазза, Iуьйранна талламаш беш, волавалийта аравоккхуш, дарбанан цIийне вуьгуш, видеохула йолчу зIене вуьгуш, лийча вуьгуш, камера чохь талламаш беш леррина гIирсаш лелош хиллера- гIоьмаш а, бетахюьллург йоцу белхан жIаьла а. Денна куьйгех тоьхна гIоьмаш лелорна цуьнан даьIахкех даI даьллера", - аьлла дара искехь. Сацам бинера 2020-чу шеран Чиллан-баттахь, хIетахь дуьйнна масийттазза латкъамаш бира.

Дагестанан Лакхарчу кхело 2012-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан туьйхира Ражаев Мансурана. Талламан а, кхелан а версица, 1999-чу шарахь тIемалоша, шайлахь Ражаев а волуш, вийнера Дагестанерчу Тухчар эвлахь МВД-н эскаршкара йийсаре лаьцна хилла ялх салти- пхеаннан логах урс хьаькхнера, ялхолгIачунна тоьпаш тоьхнера иза вада гIоьртича. Ражаевс дIахьедира кхелехь, ша цаьрца вара, амма стаг вен "доьналла хир дацара" аьлла.

  • Оьрсийчоьнан федералан тIазарш кхочушдечу сервисера суьдехула 2 эзар сом даьккхира чувоьллина латточу Ражаев Мансура, Хабаровскан махкарчу "Снежинка" колонин администрацино видеозIенехула адвокаташца а, кхелашца а сеансаш дIахьуш шена нохчийн мотт бийца дехкар бахьана долуш.
  • "Ражаев Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехь 44 шо долчу Ражаев Мовсара дIахьедира, Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь 2007-чу шарахь милцоша терроран зуламаш лелийна аьлла, шегара мукIарло даккхархьама ша хьийзорах. 51 эзар сом компенсаци кхачийра цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG