ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веллачу вешел тоьлла хилар: вагнерхой "Ахмате" бахкор стенна оьшу Кадыровна


Украинхойн Мариуполера СОБР "Ахмат" / Гайтаман сурт
Украинхойн Мариуполера СОБР "Ахмат" / Гайтаман сурт

ЧВК "Вагнеран" хилла йолахой "Ахмат" сецназан тобане дехьабовларх дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо – бIеннашкахь эскархой, тIеман лоьрийн тоба йу йуьйцург. Керлачу тобан цIе "Камертон" хир йу. Кадыровхойн хьукматашка дуккха а вагнерхой дехьабовлар баккъала а хила йиш йуй, йа Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн барам Украинерчу тIамехь хийцор буй цара?

ГIадужу-беттан чакхенгахь Кадыров Рамзана дIахьедира, 170 хьалхо вагнерхой хилларш "Ахмате" дехьабовларх. Цул хьалха а Нохчийчу богIура уьш, амма хIинцалера тоба уггар йоккха нисйеллера, билгалдаькхира цо.

ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцира, спецназе дехьабевллачу тIеман лоьрех лаьцна, тIакхха йолахой "Ахматан" базехь кечбарх а.

Пропагандин Russia Today канало вагнерхой "Ахмате" кхачарх сюжет гайтира, керлачу тобанан цIе "Камертон" хилар билгалдоккхуш. Оцу хеначохь "Камертонах" лаьцна дийцира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло а.

Вагнерхой дехьабовларх лаьцна дийцира оьрсийн пропагандхочо Кашеварова Анастасияс, амма пропагандин канал лелош волчу "лаамхочо" Гузенко Егора и бакъ дац элира.

Луьра вежарий

2021 шарахь дуьйна ЧВК-н куьйгалхочуьнца доттагIалла хилар гойтура Кадыров Рамзана. Цо Пригожин Евгенийх "бакъволу эскархо", "хьоме ваша" олура. Цаьршимма цхьаэшшар критика йира тIеман министраллина а: министрана Шойгу Сергейна – тIеман гIирс ца тоарна, инарла-лейтенантана Лапин Александрана – фронтехь эшамаш хиларна.

Ша Кремлехь тIелаьцначул тIаьхьа Кадыров генавелира Пригожинах, цуьнан хьокъехь масех шога дIахьедар а дира тIаккха. ТIамехь болу эскархой шаьш бехке бу шайн кхачамбацарш хиларна, латкъамаш бан бакъо йац церан бохура цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хастийра Шойгу, цуьнан къинхьегам бу аьлла, тIаккха Лаккхара штаб "хьекъале" йу элира. Цо хьалхо дийциначуьнца а, Пригожинна йинчу критикица а ца догIура и къамел.

Кадыровгхьа бевлла ца Iа вагнерхой – тайп-тайпанчу эскаршка кхочу уьш

Мангал-баттахь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама а, "Ахматан" буьйранчас Алаудинов Аптис а бехкевира Пригожин Бахмутна гергахь дуккха а эшамаш хиларна, иштта тIеман гIирсаца йолу проблемех цIедина дийцарх а. Инарлашна критика йарна кхерам тессира цара, цуьнца цхьанакхетийта элира.

Цунна жоп луш ЧВК "Вагнер" кхоьллинчех цхьамма Уткин Дмитрийс дагадаийтира Кадыровна а, цуьнан гонна а, 90-чу шерашкахь федералашца цара тIом бинийла. "Стага стегаца санна къамел дан массо хенахь кийча ду. Нохчийчуьрчу шинна а тIамехь дуьйна девзаш вай хилча муххале а", – билгалдаьккхира цо.

Пригожин веллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, дукхахенахь дуьйна дара шайн доттагIалла, амма цул а ши бутт хьалха Пригожино бина гIаттам иза "йамартхочун марш" йу элира цо.

"Вочу хьаькамех лаьцна" бакъдерг дийца кхоьруш воцу" турпалхо хета рогIерчу эскархошна, оьрсашна а Пригожин, аьлла комментари йира Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь цхьаволчу федералан политолого – Оьрсийчуьрчу репрессин назамаш бахьанехь шен цIе йаккха ца лиъна цунна. ГIаттам хиллачул тIаьхьа а, Путина бехкаш даьхначул тIахьа а Оьрсийчохь хеттарш динчу нахах кхоалгIачу дакъо къобалвора Пригожин, дуьйцу цо.

"Цундела ду Кадыровна ладаме Пригожинан ЧВК-н эскархой шена сехьабахар – тIом боьдучу 1,5 шарчохь уггар коьрта, бийцаре бен турпалхой бара уьш, – дуьйцу къамелдечо. – Вагнерхой хилларш "Ахмате" сехьабахарца Нохчийчоьнан куьйгалхочо Пригожинца хиллачу девна тIадам буьллуш санна нисло, веллачу шен "вешел" ша тоьлла хилар гойтуш".

Спикерна хетарехь, "пиарна тIера волу" Кадыров оцу йолахойн "цIе" лелон гIерта, Бахмутна гергахь эзарнашкахь "луьрачу тIелетаршкахь" байъина болчу.

"ЧВК-н цIарца пиар лелон гIерта"

Вагнехошца йоьзна йолчу "Разгрузка Вагнера" телеграм-каналан хаамашца, Украинехь тIом боьдучу йукъанна ЧВК-на чухула 80 эзар йолахо ваьлла, царах 50 эзар – набахтешкара схьалехьийна тутмакхаш бу. Украинхойн Бахмут схьайоккхуш вийнарг 20 эзар вара, 40 эзар гергга лазийнера. Пригожино гIаттам болочу хенахь виссинарг вара 25 эзар йолахо, кхин 15 эзар вара, чевнаш йирзича йухаверза кийча волуш, йаздора тайп-тайпанчу каналийн авторша 2023 шеран товбеца-баттахь.

ТIеман министраллица контракташ хIиттийра 30 эзар вагнерхой хиллачара, дIахьедира цул хьалха думин депутата, ВДВ буьйранча хилла волчу Шаманов Владимира.

Американ къоман кхерамазаллин Кхеташонан хаамашца, 2022 шеран чакхенгахь йолахойн чоьтахь вара 50 эзар стаг, и терахь далийра Великобританин тIеман министралло а.

ЧВК "Вагнер" дIакъовлале Бахмутна гергахь вуно дукха эшамаш хиларо а, керлачу набахтешкара тутмакхаш дIагулбаро а и терахь дикка хийцийна хила тарлора. Оьрсийн зорбанаша хаам бора, йолахойн цхьа дакъа Росгвардин хьукматашка кхаьчна бохуш, церан куьйгалле хIоьттина, тIечIагIбина боцучу хаамашца, Пригожинан кIант Павел. Эскархойн важа дакъа тайп-тайпанчу тIеман хьукматашка дехьадаьлла: "Редут", "АрБат", ЧВК "Эспаньола".

Кадыровн хьукматашка кхаьчна ца Iа вагнерхой, кхечу тIеман тобанашка дехьабевлла уьш, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь блогеро Белокиев Ислама. Украинехьа тIом беш йолчу Шейх Мансуран цIарх нохчийн батальонан прессс-секретарь вара иза хьалха. ЧВК-н цIарца пиар лелош ву аьлла хета цунна Кадыров.

Цо билгалдоккху, Пригожин веллачул тIаьхьа вагнерхойн хьалха хилла йолу цIе хир йац, царах дуккхахберш хIинца ца гIерта тIеман хьукматашка кхача. Цо мах хадорца, "Ахмат" спецназе кхаьчначу вагнерхойн терахь вуно кIезга ду, ЧВК-на ликвидаци йиначул тIахьа биссинчу вагнерхошца дуьстича – цхьа процент гергга бен ца нисло боху цо и масех бIе стаг.

​Дехьабевлла вагнерхой нохчех лаьтташ йолчу тобанашна йукъаоьцур бац

"Оьрсашца шен йукъаметтиг нисйархьама леладо Кадыров Рамзана и вагнерхой кхайхкар, – билгалдоккху Белокиевс. – Цуьнан Пригожинца дов даьллачу хенахь уьш верриг тIаьххьарчун агIо лаьцна вара, "Путин Iалашван" новкъабевлла, тIаккха Ростовна уллохь сецна болчу кадыровхошкхьа бацара оьрсий. ТIаккха хIинца вагнерхоша ша къобалвеш санна гайта гIерта иза".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена пиар лелош муьлхха а хаамийн бахьана лелош хиларх тешна ву израилхойн тIеман аналитик Шарп Давид а. Вагнерхой нохчийн тIеман хьукматашка эцарна мах хадон луучунна кхеташ хила деза, цига валийнарг маса эскархо ву.

Дехьабевлла вагнерхой нохчех лаьтташ йолчу тобанашна йукъаоьцур бац – уьш Кадыровс ларбо, тIеман хьалхене ца хьийсо гIерта, боху Шарпа. 2022 шарахь кхоьллина "Ахмат" батальонаш йу цуьнан оцу гIуллакхна лелош – Оьрсийн спецназан университетехь кечбина йерриг Оьрсийчуьра йолахой бу цига йукъаоьцуш.

"Фронтехь луьрачу тийсдалашкахь кадыровхой ца хуьлу бохуш бехкаш дохку царна, – дуьйцу аналитико. – Амма нохчийн буьйранчаш болуш, нохчийн эскархойх лаьтташ йолу "Ахматан" тобанаш цхьацца тIелетаршкахь хуьлу, дIалаьцна меттигаш ларйеш а хьийза. Царна озабезамаш ца бо. Дехьабевлла вагнерхой цига хьийсор бу".

Пригожинан тIаьхьало къийсар

Украинера, Беларусера йухабирзина "Вагнеран" эскархой "Ахмат" спецназе кхайкхар кхетон йиш йолуш ду, боху Кавказ.Реалиин редакцица къамелдинчу тIом Iаморан америкхойн Институтан (ISW) аналитико Степаненко Екатеринас. Йолахойх цхьа дакъа лаам болуш хила тарло, боху цо: "ISW-н аьтто бац Кадыровс "Ахмате" дехьабевлла бохучу йолахойн терахь бакъхилар талла, амма хила тарло, оцу кепара масалица "Ахмате" кхин а керла эскархой гулон гIерташ и хьийзар".

Пригожинан гIаттам хиллачул тIаьхьа президента Путин Владимира бинчу сацамца дузу цо йолахой Росгвардин хьукматашка дехьабовлар. Хетарехь, боху къамелдечо, Кремло къаьсттина Росгварди хаьржина оцу гIуллакхна, ницкъаллин ресурс тIеман министраллин куьйгакIелахь ца хилийта, амма Шойгун хьукмат оцу йукъанна Росгвардица къовсайала гIерта.

Амма Степаненко шек йу, биссинчу вагнерхоша кадыровхойн гIора чIагIдийр ду бохучух, хIунда аьлча, къаьсттинчу тобанийн Бахмутерчу тIемашкахь санна хьалхлера чулацам, йа буьйралла дар а дац.

  • 2023 шеран мангал-беттан 23-хь Пригожина бунт гIаттийра оьсрийн тIеман министраллина дуьхьал. Ростов-на-Дону гIала баьхкира эзарнаш эскархой. Шоьтан Iуьйранна вагнерхоша шайн карайерзийра и гIала. Кхин а цхьа эскархойн тоба Москва новкъайелира. Цхьана де-буьйса чохь 780 километр некъ бира цара, Iедало дуьхьало ца йеш. Амма тIеман министраллин масех беркема а, цхьа кема а дожийра, Пригожина бахарехь, йолахойн тобанашна тохарш дан дагахь хиллера уьш. Церан экипажаш йелира.
  • Путин Владимира ЧВК-га бехкбаьккхира, уьш пачхьалкхана йамартбевлла аьлла. Герзаца гIаттам болорна бехктакхаман гIуллакх диллира Пригожинна дуьхьал. Амма тIаьхьо хиира, дов листа гIерташ Беларусин президента Лукашенко Александран Пригожинца къамел хиларх. Цул тIаьхьа Москва кхача новкъайевлла тобанаш сацийра, тIаккха ша Пригожин Беларусе схьаван веза аьлла сацам бина хиллера. Путин Владимиро йолахой жоьпе озор бац аьлла дош деллера. Цул тIаьхьа хиира, Пригожин новкъарлонаш йоцуш Оьрсийчухула лелаш хиларх, тIаккха мангал-беттан чакхенгахь иза а, цуьнан куьйгкIеларнаш а Путинца Кремлехь цхьаьнакхийтира.
  • Пригожинан гIаттам хиллачул тIаьхьа ши бутт баьлча, марсхьокху-беттан 23-хь Тверскан махкахь долара кема чудуьйжира – Прижино лелош дара иза. Цу чохь хилла итт стаг велира, Росавиацино бахарехь. Ша Пригожин а, Уткин Дмитрий а, кхин а ЧВК "Вагнеран" йолахой а бара боху цара оцу кеманахь. Малхбузерчу зорбанаша а тIаьхьа и бохам бинарг оьрсийн Iедал хила тарло бохуш версеш йалайора.
  • Краснодаран махкахь масех иэсан объект йу, ЧВК "Вагнеран" хиллачу куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца йоьзна. Геленджикна уллохь цуьнан долара йоккха хIусам йу, Горячий Ключна уллохь – беллачу вагнерхойн мемориал а, керийстийн "часовня" а, кешнаш а ду. ГIадужу-бутт болалуш Геленджикера Пригожинан хIусам йохка йолийра, цигара латта хьуьнан бахаман чоьтехь доллушехь. Кавказ.Реалиин сайто теллира, Кубанерчу Пригожинан даьхнех хIун хуьлуш ду ЧВК "Вагнер" тIеман министраллин дола йерзийначул тIаьхьа а, йолахойн куьйгалхо веллачул тIаьхьа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG