ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вен билгалваьккхинарг". Нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо вийний?


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

ГIуран-беттан йуьххьехь дуьйна зIенера дIаваьлла волу блогер, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ражан критик Абдурахманов Тумсо вийна хила мега, дийцина гIуран-беттан 4-хь оппозицин 1ADAT боламо.

"Цуьнан кхалхаран хьокъехь тоъал тоьшаллаш ду тхан, тIаккха цуьнан ваша Мухьаммад лерринчу сервисаша дIалачкъийна", - дуьйцу каналан хаамехь, Европерчу а, Нохчийчуьрчу а хьасташна тIе а тевжаш.

Масех хьасташкара цхьатерра хаамаш кхаьчна цаьрга, дийцина Кавказ.Реалиига 1ADAT-хь. Каналан векало бахарехь, кхечу хаамашна тIе а тевжаш, Абдурахманов вийна хилар чIагIдо цара.

"Тхан хьастийн кхерамазалла ларйархьама, тхуна хуург дийца йиш йац тхан", - тIетоьхна редакцица къамелдинчо.

Абдурахманов кхалхарх лаьцначу хаамашна комментари йира Масхадов Анзора, диаспоран цхьаволчу хьалханчас, Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIанта. Шен видеокхайкхамехь цо дIахьедира, блогерна "тобанехь хиллачу наха герз диттина" аьлла.

Абдурахманов вийна бохуш хаамаш социалан машанийн нохчийн сегментехь гIуран-беттан 1-хь дуьйна гучубуьйлура. Баккъала а хIетахь дуьйна зIе йац цуьнца а, Германехь вехачу цуьнан вешица Мухьаммадца а. ТIаьххьарчо, "Немцойн тулгIено" йаздарехь, шайн белхан накъосташка дийцина хилла, ша "полицица ву, къамелдан йиш йац" шен аьлла, тIаккха "цуьнца зIе хедира" боху.

ГIуран-беттан 5-хь Кавказ.Реалиино дахьийтинчу хаттарна жоп делира Швецин полицин урхалло, Абдурахманов вийна бохуш зорбанашкара хаамех лаьцна хаьа шайна, амма уьш тIечIагIбан, йа царна комментари йан аьтто бац шайн бохура.

Дагадоуьйту, 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. 36 шо долчу блогерна коьртах жIов тоьхнера, амма цуьнан аьтто хиллера тIелеттачуьнгара и схьа а йаьккхина, полици кхайкха. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана кхетийра, дуьххьара ша блогерна тIехь тидам латто безаш вара, амма "Соьлжа-ГIаларчу наха" шена 50 эзар евро хьехча и ве реза хилира ша аьлла. Кхелехь прокуроро а билгалдаьккхира, "ларша Соьлжа-ГIала вуьгу". ТIелатар дарехула сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь хилира. Мамаевна итт шо хан туьйхира, цуьнца цхьана хиллачу Шапиаева Эльмирина – бархI.

2020-чу шеран гIуран-баттахь Германин низамлардаран органаша сацийра Абдурахманов Тумсон вешина Мухьаммадна тIелатар дар. Кху шеран мангалан-баттахь Мюнхенехь и гIуллакх листар доладелира. ФРГ-н прокуратуран хаамашца, коьртачу бехкечунна – Нохчийчуьрчу вахархочунна Дадаркаев Валидна – республикерчу ницкъахоша тIедиллинера Абдурахманов вер. "Немцойн тулгIено" йаздарехь, талламан версица, Дадаркаевс блогер ве аьлла хиллера потенциале волчу киллере А. Тамерлане, амма вукхо Абдурахмановга дийцина хиллера цунах лаьцна.

Вер, йа кIелхьараваккхар

Кху деношкахь зорбанехь кеп-кепара версеш гучуйуьйлура, цундела буьззинчу барамехь царах теша мегар дац, аьлла билгалдаьккхира Кавказ.Реалии сайтаца къамелдинчу "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо, политолого Кутаев Руслана.

Кхечу блогерашца вуьстича, Тумсо хайп лаца гIерташ, йа лайк оьшуш вацара

"Амма со баккъала а саготта ву кху деношкахь блогерера, йа цуьнан гергарчу нахера а хIумма хезаш цахиларна. Цхьаболчу блогерашца вуьстича, Тумсо хайп лаца гIерташ, йа лайк оьшуш вацара, массо хенахь вуно жоьпалле хуьлура цо арахоьцу материалаш. И къайлавалар – хIоттийна кеп йу бохурш бу. Со тешна ву, и цхьа ловзарш далахь, уьш кхечу нехан ловзарш ду, ша Тумсо вац уьш кечдинарг", - дуьйцу спикеро.

Кутаев тешна ву, ша блогеро, йа цуьнан гергарчу наха, йа Швецин официалерчу хьукматаша дIахьедар даллалц собардан деза

"Делахь а, и вийна аьлла хаамаш харц хилахь а, Кремлана а, цо Нохчийчохь хIиттийначу векалшна а дуьхьал къийсам латточу наханна лаьтташ болу баккъала болу кхерам буьссуш бу шеко йоцуш", - билгалдаьккхина политолого.

"Аса дог доху, Абдурахманов Тумсо лерринчу сервисаша дIалачкъийна хиларе", - аьлла Кавказ.Реалиига Европерчу нохчийн диаспоран жигархочо, Ичкерин Францерчу сийлаллин векало Албаков Шемала.

Абдурахманов Тумсона тIелатар дина аьлла йолу информации бакъ йолуш санна гуш йу, амма и ве аьтто ца баьлла хила а мега, дIахьедина нохчийн диаспоран "Единая Сила" политикан боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Амма цхьа де хьалха соьга хаамбина, Европехь болхбеш киллерийн тоба хиларх, нохчийн жигархошна а, политикашна а тIаьхьбевлла лелаш бу уьш. Цара байъа мегачу нехан тептарехь ЯнгулбаевгIеран вежарий бу, Масхадов Анзор ву, иштта кхин а нах. Кадыровн доза доцу ресурсаш хиларна, ур-атталла кхузахь, Нохчийчоьнна геннарчу махкахь шаьш кхерамазаллехь болуш санна лела мегар дац", - чекхдаьккхина Сулеймановс. Киллерийн тобанех лаьцна хьан, хIу хаамбина шега, ца дийцина цо.

Европерчу Iедале сигнал

2020-чу шарахь шена тIелатар диначул тIаьхьа Абдурахманов Тумсо шена коьрта тIехьажийна герз долуш санна вехаш ву, боху Эстемирова Ланас, 2009-чу шарахь лачкъа а йина, тIаккха йийна йолчу Соьлжа-ГIаларчу бакъоларйаран "Мемориал" центран куьйгалхочун Эстемирова Натальян йоIа.

Политикан бахьанаш доцург, цунна тIелатар шен доларчу бахьанашца дина хила мега: Кадыровн куьйгкIелахь волчу Даудов Мохьмада чIир кхайкхийнера цунна

"Тумсо къайлаваларх сайна хезча, суна уггар доьхнарг коьрте деара. Нохчийчоьнан куьйгаллин ресурсаш а, шуьйра шпионийн маша хиллехь а, Тумсос хадархой ца лелабора. Политикан бахьанаш доцург, цунна тIелатар шен доларчу бахьанашца дина хила мега: Кадыровн куьйгкIелахь волчу Даудов Мохьмада чIир кхайкхийнера цунна. Со реза йацара Тумсоца дуккха а хеттаршкахула, нисса бIостане бара тхан хьежамаш, амма билгалдаккха деза, шен мисси кхочушйора цо массо хенахь, шен позиции кIад ца йора", - билгалдоккху Эстемировас.

Блогер вер официалехь билгалдалахь, Европерчу Iедало хийца йеза Кадыровна критика а йеш, кхузахь дуьненайукъара кхерамазалла лоьхуш болчу нохчашка йолу шайн ойла – хIинццалц тайп-тайпанчу пачхьалкхийн депортацин органаша чIагIдора, Оьрсийчоьне уьш дIабаларо цхьанне агIор кхерам ца бохьу царна.

"И гIурт бу. Тумсо вийна бохучу хаамаша билгалдоккху, рожан критикаш ур-атталла Европехь а кхерамазаллехь цахилар", - тешна йу Эстемирова.

ХIара текст арахоьцучу йукъанна Швецин низамлардаран органашкахь Абдурахманов Тумсо верах лаьцна хаамаш бац. Иштта цунах лаьцна хаамашна хIинца а комментари ца йина нохчийн "Вайфонд" ассоциацино - Германехь цуьнан векал ву блогеран ваша Абдурахманов Мухьаммад.

***

Оьрсийчоьнан арахьа бехачу Кадыровн критикашна масийттаза дира т1елатарш. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь Киевехь йийра нохчо йолу Окуева Амина. И хиллачул т1аьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур. 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина вийра Кадыровн хилла волу хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Къатарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла волу Яндарбиев Зеламха.

Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало йеш, йа европхойн пачхьалкхаша депорташ йина меттигаш, чIагIдо бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино. Масала, Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. ГIадужу-баттахь хиира Хорватехь нохчий дIалецарх. Царлахь ЦIечу ЖаIаран волонтераш бара. Цул сов, Австрин депортацин набахтехь ши нохчо ву латтош, военкомате тIекхойкху кехат кхаьчначул тIаьхьа республикера веддера и шиъ. Хорвате депорт йан мега царна, тIаккха цара Оьрсийчоьне дIавала мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG