ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу нохчийн мухIажарийн бакъонаш ларйар доьхуш Венерчу Хорватин векалтна хьалха митинг хIоттийна


Австрин коьртачу гIалахь Венехь Хорватин векалтна хьалха митинг хIоттийна, Оьрсийчохь мобилизаци а йина, Украинерчу тIаме хьовсорах уьдучу нохчийн мухIажаршна экстрадицеш йарна дуьхьал. Нохчийн деаспоран векалша кечбина и барам.

Австрерчу Ичкерин векало, митинг дIакхайкхийна йолчу Дунаева Розас Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина ма-хиллара, мухIажаршна дуьхьал низамехь доцург лелор хьалха а гучудуьйлура Балканан пачхьалкхашкахь, амма хIинца кхин а чолхе даьлла хьал, нохчийн диаспоро цунна са ца гаттадойла йац.

"Мобилизацех лечкъаш болу мухIажарш бу буьйцурш. Царна дуьхьалонаш йо, [царна] йетта… Амма депорт йича царна кхерам бац бохуш Москвано деш долчу дIахьедарех теша [уьш кхача гIерташ йолу пачхьалкхаш]. Уьш аьшпаш бу", - чIагIдо Дунаевас.

  • Лахьан-беттан йуьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. Боснин а, Герцеговинин а гIонехьа дозанехь лаьтташ мухIажарийн рогIера тоба йу аьлла хаам гучубелира тIаьхьо. Оьрсийчохь армех кхойкху кехат шайга кхаьчначул тIаьхьа, пачхьалкхера бевддарш а хилла царлахь.
  • Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино гIуран-беттан 26-чохь хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболуш хилла масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Пачхьалкхан цхьайолчу аэропорте кхаьчна волу Нохчийчуьра вахархо йетта а йиттина, къевлинчу лагере хьажийна Хорватин полицин белхахоша. Цунах лаьцна дIахьедина "Европерчу нохчийн ассамблейно" мухIажарна тIетевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG