ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венерчу метро чохь 19 шо долчу Нохчийчуьрчу йоIана тIелатар дина


Австри, Вена
Австри, Вена

Шен ши шо кхаьчхьана Австрерчу Венехь еха 19 шо долу нохчийн йоI жоп деха дагахь ю, метро чохь шен бетах мийра тоьхначу зудчуьнгара. Дахначу кхаарин дийнахь, ГIадужу-беттан 13-чохь хилла юьйцу инцидент, яздо Австрехь арадолучу Heute газето.

"Цхьа а бахьана а доцуш, суна евзаш йоцучу зудчо U1 метрон линехь со тIехуучу заманчохь мийра туьйхира суна. Иза охьахиинчул тIаьхьа цуьнан сурт доккхуш яра со, юха бетах мийра туьйхира цо суна", - дийцина Р. Динас.

Нохчийчуьрчу яхархочун шеконаш ю, шена тIелатар исламофобица доьзна хир ду аьлла, хIунда аьлча, хьиджаб лелош ю иза. Хьалхо а, яздо Heute газето, оцу кепарчу агрессех Iоттаелла ю Дина. Видеокамерашца маса схьакарийна полицина йоIана тIелетта зуда, цундела аьтто баьллла цунна латкъам бан.

Оцу кепара лелар низамашкахь таIзар доцуш дуьтийла яц аьлла хета адвокатана Крайнер Флорианна. Оцу гIуллакхан цхьа йист яккха тIелаьцна цо.

  • Хьалхо яздора хаамашкахь, Венера ялх полисхочунна бархI баттера шийтта батте кхаччалц набахтехь яккха хенаш кхайкхорах, тоьшаллашца фальсификацеш лелорна а, шайгарчу бакъонел совбийларна а. Вена-Фаворитен олучу кIоштарчу казинохь 2019-чу шеран Дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу вахархочунна еттарна бехкебира уьш.
  • Кху шеран Охан-баттахь Венехь митинге бевлира кхо бIе сов нах, мухIажарна депортаци яр а сацаде, ишта, Австрерчу набахтехь 38 шо долу нохчийн латархо Хациев Iела кхалхар талла аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG