ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Веза тутмакх". Набахтехь а латтабо Саакашвили Михаила Гуьржийчуьрчу Iедалца къийсам


Саакашвили Михаил

35-гIа де ду Саакашвили Михаила мацалла лаьцна. Гуьржийчоьнан экс-президент теша ша халкъан гIоьнца набахтера аравер ву бохучух. Протестан акцеш гергакхочуш ю Тбилисина, ткъа мехкан куьйгаллехь лаьттинчун нанас Аласания Гиулис доьху Украинан президенте шен кIант Киеве юхавигар, хаам бо "Эхо Кавказа" проекто.

"Со Саакашвили Мишин нана ю. Тхо халачу хьолехь деха. Сан бIаьра хьалхха вуьйш ву сан воI!" – иштта ду гуьржийн кхоалгIачу президентан нанас Аласания Гиулис Украинан лидере Зеленский Владимире хьажийна къамел. Цо доьху прзиденте хуьлуш лаьттарг тидаме эцар а, Саакашвили Михаил Украине дIавигар а:

"Зеленскийга ду сан дешнаш. Цо хьалха а динера гIо, ткъа хIинца чIогIа оьшу тхуна цуьнгара накъосталла а, гIо а. Мухха валийна а, иза кхуза, Украине, юхавалон веза, кхузахь цунна дарба лелалур дара, цуьнга хьовсалур дара, меттавалалур вара".

Нанас бахарехь, Гуьржийчоьнан экс-президент мацалла лаьцна веха ду 35 де, цундела цунах"дерриг а хила тарло, муьлххачу а сахьтехь". Амма, цо бахарехь, Гуьржийчуьрчу Iедалан бала бац цунах хуьлуш лаьттачун. Саакашвилина набахтерчу дарбан цIийне бен гIо ца дойту, цигахь дац оьшу хьелаш, корматалла ца тоьу лоьрийн, боху нанас.

Ша экс-президента Саакашвили Михаила кхин а кIаргдо хьал. Цунна гарехь, иза вуьйр волуш ву набахтехь. "Цхьаалин халкъан боламан" лидера кхойкху нах Iедало шена къинхетам баре цахьежар – цунна дуьхьал оцу Iедало "тегна гуттар а беламе болу бехкаш". Иштта боху цуьнан цIарах даржийначу дIахьедарехь. Шена а, Гуьржийчоьнна а маршо яла ницкъ бац халкъехь бен, аьлла хета Саакашвилина:

"Ас воккхаверца тIеоьцу халкъ цхьалл гIерташ хилар, ерриг а Гуьржийчоь жигарйолуш хилар. Гуьржийн халкъо харжамийн революци яьккхина, хIора а гIалахь эшийна "Сатийсам". Ткъа аш, харцо лелораш а, харжамийн кехаташ довдийна лела зударий а, урамашкара жоьлгаш а араяхарца и толам лачкъорах ца хуьлу шун режим ницкъ болуш. "Революци" дош хезча эгош йолчу шун режиман ницкъ кхачийна берриг а".

Иштта ду Саакашвилис тахана президент йолчу Зурабишвили Саломена делла жоп - селханлерчу брифингехь цо ша бийр бац элира Саакашвилина къинхетам:

"Президент лаьттинчуннакъинхетам барх аьлча, сан ойла онда ю, хийцаелла а яц: хIан-хIа, цкъа а бийр бац къинхетам. Иза тутмакх ву, шен лаамехь, низам а талхош веъна махка, кхузара хьал дохон веъна. Делахь а, нехан, юкъараллин боккхачу тергамна кIел иза хиларе терра, шатайпа тутмакх лара веза иза, набахтийн урхалло а, Iедало а шаьш цунах бен тидам лакхабаккха беза".

Президентан и дешнаш дийцаре до Гуьржийчохь массара а. Iедална дуьхьаллаьттачарна цаьрца го Зурабишвили "Гуьржийчоьнан сатийсамехьа" хилар. "Лело Гуьржийчоьнна" боламан векална Нацвлишвили Аннина логика ца го президентан къамелехь:

"Цхьаа агIор цунна (Зурабишвили Саломена) гуш ду кхелан системехь проблемаш хилар, вукхуагIор, оццул проблемаш йолчу кхело листа деза кхоалгIачу президентан дов, боху цо, цуннахууш м аду Iедалехь йолчу партина мел нокъа ву Саакашвили. Мичахь ю логика? "

Политикан боламийн кхечу декъашхошна хетарехь, Саакашвили Михаилна къинхетам баро дижор дац халкъ шина декъе доькъу хьал. Мелхо а марсадоккхур ду цуьнан болар. Оппозицехь йолчу "Пачхьалкхан бахархой" партин лидерна Иоселиани Леванна гарехь, "пачхьалкхан нийса позици" ю Зурабишвили Саломес гойтург:

"Кху пачхьалкхан вахархо а, парламентан депутат а со хиларе терра, президентехьа ву со вуьззина. Цо мел бохург дара пачхьалкхалла чIагIдеш. Къам декъалучуьра сацалур дуй Саакашвилина къинхетам барца? Гуш ду, Зурабишвили Саломена ишта ца го".

Оцу юкъанна Саакашвилис къобалдина оппозицин кхечу боламан – "Дроа!" ("Зама тIееана!") – лидера Хоштария Эленес а, кегийнехан тобано а, шеца цхьана могIара хIуьттуш, мацалла кхайкхор. Иза ду "пачхьалкхалла кхетор", аьлла цо. Тахана партешка декъало зама яц, цхьааллин а, къовсамехь цхьаьнакхета а зама ю, боху Саакашвилис.

" Путинан шен тутмакх ву со, Москвара схьаоьцу цара омранаш, цундела со а, ша а маьршадаккха дац цхьа гуьржийн къам бен", – аьлла цо.

Элене Хоштарияс мацалла ша парламентан балха юкъахь а йоллуш кхайкхийна. Гуьржийн кхоалгIа президент Саакашвили Михаил маьршачу дарбан хIусаме кхачаваллалц сацор яц ша мацалла, дIакхайкхийна цо:

"Ас хIара меттиг ларамза хаьржина бац. Кху институтан (парламентан) мах боьжна, суна хIара протест лоцу меттиг ю, ас мацалла кхайкхайо. Со кху чуьра араер яц, йиллина Iийр ю кхузахь, со дIагIур яц кхузара".

Хоштарияс билгалдаьккхира, ницкъаша ша парламентан цIенна чуьра араяккха цхьанненан а яц бакъо, ша депутат ю, Iедалехь йолчу партина товш доцург аларна ша дуккхаза а араяьхнехь а. Ницкъаша ша парламентан гIишло чуьра араяккхарна кхоьручух тера ду депутат Хоштария.

ГIалара гIала а лелаш, ерриг а пачхьалкхехула протестан гуламаш хIиттош ю оппозици, боху, ша кестта аратосур ю парламентера "Гуьржийчоьнан сатийсам" парти. Карарчу хенахь Iедалан оппоненташ дIагулбелла Кутаисе а, Саакашвили чохь кхобучу Рустави гIаларчу набахтина гонах а. Коьрта лозунг ю церан - маршо Саакашвили Михаилна!

"Къоман боламан" лидера Мелия Никос дош делла протесташ цхьа пайде жамI хиллалц латто – аьлча а, Саакашвили набахтера дIахеццалц.

Тахана Саакашвили Михаил волчохь хилла юха а Гуьржийчоьнан Каталикос-Патриархан векал, протоиерей Ботковели Михаил. Пачхьалкхан коьртехь лаьттинчуьнга Гуьржийн Килсан дегара маршалла дIа а кхачош, цуьнан цIарх мацалла юкъахъяккхар дехна мозгIаро. Аьлла, Килсе далушдерг иза бен дац – я шеггара къинхетам бан а, я деха а патриарх Илия ШолгIаниг таро йолуш вац, иза президентан бакъо хиларна. Оцу къамелна дуьхьал Саакашвилин двоката, «Мтавари архи» ("Коьрта канал") телекомпанин инарла директора Гварамия Никас иштта аьлла шена хетарг:

"Гуьржийн патриара харцо къилахь лору я ца лору ца хаьа суна, амма хаьа харцо лелаш юйла".

Гварамияс бахарехь, "Къоман болам" парти Iедалан коьртехь йолчу заманашкахь, ша юстицин министр волчу хенахь, "Гуьржийн сатийсамо" урхалла дечу хенахь а патриархино президенте дуккхаза а дехна, тIтаIIош, лаьцна кхобу иза я важа политик дIахецар, дехна, шеггара, я и болх бечу комиссига а, кхеле а ца хиттина. Цундела боху Гварамияс, Саакашвилица доьзна гIуллакх зуьйш Гуьржийн Килс шеца адамалла дацарца дIатаръелла гуьржийн кхелах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG