ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маьршачу Оьрсийчоьнан" форум: нохчий хьахабеллачуьра


Кху беттан 3-чу, 4-чу деношкахь, стомара а, селхана а, Вильнюсехь гулъелира Оьрсийчоьнан оппозицин «Маьрша Оьрсийчоь» цхьаьнакхетараллан («Свободная Россия») рогIера, йоьалгIа форум. Хьалхарниг хилира стохка бIаьста.

Барамехь дакъалоцуш бара Оьрсийчоьнна а, дуьненна а бевза Москох а, диссидентийн кхоллам тIеэцна, кхечу пачхьалкхашкахь а беха оппозиционераш. Уьш гулбелира Путинан Оьрсийчоьнца шаьш латточу политикан къовсам карарчу хенан Iалашонашца бозархьама.

Нохчех Вильнюсерчу бараме баханера Европехь тховкIело карийна, даймахкахь, ерриг а Оьрсийчохь а санна, демократехьа хийцамаш хила беза аьлла хета жигархой.

Царалахь вара Оьрсийчуьра кху тIаьххьарчу шерашкахь дIавахна, амма цигахь вевзаш хилла адвокат Арцуев Аслан.

Масала, Оьрсийчуьрчу прессехь иштта бу цунах лаьцна баьржаш хиллачу хаамех цхьаъ. «Сапсан» цIерпошта эккхийта гIиртина аьлла кхеле ийзийначу вайнехан кегийрхойн адвокатна Арцуев Асланна къиза йиттина Москох» - боху РЕН ТВ канало. «Цунна йиттина шен 38 шо кхаьчначу дийнан буса. Массех стага йиттина коьртах, урс тоьхна чоьже», - хаамбо телегойтийло. И тайпа тIелатар шена масситтаза дича, ша пачхьалкхехь ваха вуьтур воцийла а кхетта веана Аслан Европе.

Вильнюсерчу барамах а, цуьнан чулацамах а, нохчаша цигахь лаьцначу декъах а интервью елла Арцуев Аслана Маршо Радиона. Цо бовзуьйту форуман йоьалгIачу кхеташонан чулацам.

- Цига баьхкинарш хIун нах бара, хIун кхетам болучех бара?

- Тайп-тайпана кхетам болу нах бара. Илларионов, Каспаров ... дуьненна а бевзаш болу нах дукха бара, Витаустас Ландбергис а, Витаус Эндрюкайтис а вара. Вайн чIогIа сий а дира. ...Оьрсийн националисташ а бара, Оьрсийчуьра бевдда а, чохь баьхкина а. Кремлехьа берш а бара. Масала, Чубайс Игорь. Навальныйн, Собчакан векалш а бара. Цара президентан харжамашка гIо, царна байкот ян мегар дац бохура.

- Форумо гIиттийначу хеттаршлахь ахь тидаме эцнарш муьлхарш дара?

- Тидамехь дерриг а санна дара. Цхьана метте оццул маьрша ойла йолу нах гина бацара суна дукха хенахь дуьйна. Информацин тIом - пропаганда, цунна муха ян догIу дуьхьало. Путина дуьненца юкъаметтиг эгIор - и тема а яра. Оьрсийчуьрчу оппозицигара хьал дийцаре дира. Истори лачъяккхар, харцхьа язъеш хилар - иза хьехийра. Путинна гонахара коррупционераш дуьненан санкцийн тептара тIеязбар, Москох 1999-чу шарахь цIенош лелхийтар...

- Нохчийн делегаци а яра шун барамехь. Цо хIун дакъалецира?

- Санкцийн тептар дузуш, вайн делегацино дийхира Нохчийчуьрчу тIамехь адамаллина дуьхьал зуламаш дина Оьрсийчуьра виъ инарла тIеязварехь гIодар. Тхан дехар дика тIеийцира гуламо.

- Дэвид Саттер, Iамеркара журналист-публицист а вара шуьца цигахь. Цо 1999-чу шарахь Москох цIенош лелхийтарх лаьцна дийцира дехха. Керла хIумма а хезирий шуна цуьнгара?

- Гулбеллачарна хаанза дисина факташ а хила тарлора цуьнан къамелехь-м, амма вайна, нохчашна, хьалха дуьйна а хууш йолу "къайленаш" яьстира Саттера. Гайтира, Рязанехь пхоьалгIа цIа оьккхуьйтийла хиллехь, иза а нохчашна тIеяздина хила тарлуш дарий. Тоьшаллаш а долуш, чулацаме дара цуьнан къамел.

Сацамашлахь резолюци юкъаяздинчех бIаьрланиг дара, нагахь санна Путин юха а президентан хармашка водахь, царна юкъа ца гIерташ, нахе дакъа цалацийта гIертаррий, 2018-чу шарахь Оьрсийчохь хуьлучу футболан чемпионатна байкот яррий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG