ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн президент юхавала дагахь вац ГIирман хаттарехь


Украина -- Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп (аьрроагIор), Украинин президент Порошенко Петро, зорбанан конференцехь, Киев, ГIад.9, 2017
Украина -- Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп (аьрроагIор), Украинин президент Порошенко Петро, зорбанан конференцехь, Киев, ГIад.9, 2017

«Йийсарехь болчу» ГIирмерчу гIезалошна гIо дан гIерташ ю Хонкара, боху ЭрдогIана.

Туркойчьнан президент ЭрдогIан Реджеп визитаца хилира оршотдийнахь Киевехь. Президентан Порошенко Петрон администраце иза веача дIахIоттийнера эскархойн сийлаллин ха. Цаьрга салам-маршалла делира ЭрдогIана украинахойн маттахь.

"Вітаю воїнів", - элира туркойн лидеро сийлаллин хана юкъахь болчу эскархошка. Цара жоп делира ЭрдогIаннна: "Бажаємо здоров'я". Видео зорбане яьккхина "Крым.Реалиино"

Украине веанчу ЭрдогIана масийтта дIахьедар дира Туркойчоьно дIахьочу политикан мехала агIонаш гойтуш.

Киевехь Украинин президентаца Порошенкоца шен дагадовларш дIадирзича туркойн хьалханчо дIахьедар дира, ша Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар къобул ца до аьлла. ЭрдогIана дийцарехь, Туркойчоьно «кхин дIа а гIортор йийр ю Украинин суверенитетана а, цуьнан территорин цхьааллина а».

"Кийча юй Туркойчоь Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхо", -- аьлла, шега хаттар дича ЭрдогIана элира «ГIирмаца доьзна хеттар экаме» ду, ткъа Хьонкъара «йийсарехь болчу» ГIирмерчу гIезалошна гIо дан гIерташ ю аьлла.

Цо иштта билгалдаьккхира, Туркойчоь «вуно реза» хилар Киево ГIирмерчу гIезалошна гIортор ярна.

Оццу зорьанан конференцехь вист хуьлуш, Порошенкос дIахьедар дира, ша дегайовхо йолуш ву Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан ницкъаш дIанисбеш Туркойчоьно гIортор йийр хиларх аьлла.

Цкъачунна хууш дац ЭрдогIана Киевехь дина дIахьедарш хьокъехь Кремлна хетарг .

РТ (Оьрсийчоь тахана) телекомпанино ялайо Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан гIантден когаметто Новиков Дмитрийс, ЭрдогIана Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар къобул ца до ша аларна, йина комментарий. Депутатана хетарехь, цо «гойтург ду еххачу ханна Туркойчоьнца юкъаметтигаш дIанисъян хала хилар.

Новиковс дийцарехь, туркойн «арахьарчу политикан курсехь Iедал хийцадаларца а, ур аттал цхьа президент волуш а, хила мега голатохарш».

«Вуьшта ГIирмаца доьзначу хаттарехь Туркойчоь цкъа а яцара Оьрсийчоьнан бертахо, иза тидаме эца деза туркойн политика хьокъехь сатийсар ца хилийта», -- элира депутато.

Туркойчоьно сагатдарца тIеоьцу Советен пачхьалкхан дакъош хиллачу пачхьалкхашкахь бехачу бусулбанашца доьзна хаттарш. Къаьсттина иза хьакхалуш ду, иттаннаш шерашкахь дахар доьхна бехачу ГIирмерчу гIезалойх. Цундела ларамаза яц аьлла хетало туркоша цу хаттарехь лаьцна позици, мел Оьрсийчоьнна новкъа иза ялахь а.

1990-гIа шераш дуьйлалуш нохчаша шайн пачхьалкх кхоьллина аьлла дIакхайкхийначу деношкахь уггаре хьалха царна гуманитаран гIо даран гIулч яьккхинарг яра Туркойчоь. Масийтта йоккхачу машенахь шекар а даийтинера туркаша. Ткъа иза ша-тайпа гIорторан симбол санна тIеийцира Нохчийчуьрча бахархоша.

Цу хенахь Оьрсийчоь реза яцара Туркойчоьнан куьйгалхошна. Нохчийчоь бахьана долуш телхийна юкъаметтигаш еххачу хенахь лаьттира кхин лортIе ца йогIуш Оьрсийчоьнна а, Турркойчоьнна а юкъахь.

Цул тIаьхьа еанчу хенахь а яра цу шина пачхьалкхана юкъахь яккхийн халонаш.

Кхушеран Гезгмашин-беттан 28-чу дийнахь ЭрдогIана Хьонкъарахь тIеийцира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Иза церан пхоьалгIа цхьаьнкхетар дара 2017-чу шарахь хиллачех. Туркойн лидер шозза веанера Оьрсийчу.

«Туркойчоь дагахь ю уьйраш латто Киевца а, Москохца а, цуьнан аьтто а болу царна юкъахь нийсалла латто», - яздира дукха хан йоцуш туркойн Iедалшна герга долчу Daily Sabah газето. Ши а агIо реза йолуш долчу хаттаршна юкъахь яра ГIирма.

Цундела ЭрдогIанна ГIирма хьокъехь хетарг Кремло и нийсалла кхин дIа а ларйеш санна тIеоьцур ду ала хала ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG