ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шашлык механа еза хилар билгалдоккху Соьлж-ГIалахь "Шашлык-Машлык" тойнехь хиллачу хьешаша


Соьлж-ГIалахь "Шашлык-Машлык" тойнехь.
Соьлж-ГIалахь "Шашлык-Машлык" тойнехь.

Шашлык механа еза хилар а (могIерчу бахархойн аьттонашка хьаьжча), иза эца луучу нехан раьгIнаш дукха еха хилар а билгалдоккху Соьлж-гIалахь "Шашлык-Машлык" тойнехь хиллачу хьешаша, хаам бо "Кавказский Узел" сайто.

Масала, "Кавказский Узел" сайтан хьостанаша дийцарехь, мехаш кафешкахь санна дара (350 сом уьстагIан жижигах йина шашлык), ткъа дечкан аьрзонан сувениран мах хIоттийнера долахочо 12 000 сом.

Цу фестивалан декъашхоша кечдинера дуккха а къаьмнийн даарш. Цигахь юхкуш яра цхьацца хаза сувенираш. Делахь а кхачамбацар хета цу тойнехь хиллачерна мехаш лакхара хилла хилар.

Соьлж-ГIаларчу фестивалехь дакъалецира 20 сов кхачанан хIусамо а, ресторано а, билгалдаьккхина мэрино. Маршо Радионо леррина ВИДЕО кечйина цу фестивалеан сурт гойтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG