ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вице-премьеро дехар дина Путине, пачхьалкхехь цхьа кIира мукъа ло аьлла


Путин Владимир а, Голикова Татьяна а

Могушалла Iалашъяран а, демографин а программаш кхочушъярна тIехь терго латточу Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас хьехна президентана Путин Владимирна, пачхьалкхехь ГIадужу-беттан 30-чу дийнера Лахьан-беттан 7-чу дийне кхаччалц мукъаденош хилийта аьлла. Цуьнан инициативана тIетайна премьер-министр Мишустин Михаил а. Оьрсийчохь яьржинчу коронавирусан инфекцин керлачу кепаца лаьттачу хьолана оцу барамо гIо дийр ду аьлла хета цунна.

Эпидемиологин хьал эшначу регионашна бакъо ло тIедогIучу шоьтан, ГIадужу-беттан 23-чу дийнера дуьйна, мукъаденош кхайкхон аьлла, тIетоьхна вице-премьеро. Цуьнан дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло.

Балхах мукъа болчу деношкахь бахархошна юкъахь хуьлу цхьаьнадеттадаларш лахдала тарло, коронавирус яржор саца а деш. Стохка бIаьста оцу кепара барам юкъабалийра Кремло. ХIетахь мукъаденош кхайкхийра Зазадокху-беттан 30-чу дийнера Охан-беттан 3-чу дийне гергга.

Цул совнах, Iедалхойн Iалашо ю 60 шарал тIехбевлла, вакцинацех чекхбовланза бахархой, цхьана баттана цIера болх беш бита. Лахьан-беттан 7-чохь организацеш а, индустрин гIишлош а схьайиллича цу чу буьтур бу нах QR-кодаца.

Официалехь бечу хаамашца, тIаьххьарчу цхьана шарахь а, эхашарахь а Оьрсийчуьра пандемица доьзна хьал эшна догIу. ГIадужу-баттахь иттозза совдаьлла баларш а, ун даржар а.

Яхначу цхьана буса а, дийнахь а Оьрсийчохь, аннекси инчу ГIирмехь а цхьаьна, коронавирусах кхелхина 1015 пациент. Верриг а ун даьлла хиларца билгалваьлла ву 8 060 752 стаг. Амма Iедалхоша масийттазза дIахьедира, и гайтам а лахар болчух тера ду аьлла.

Оперативан штабан зерашца, пандеми юкъаяьлчхьана велла лоруш ву 225 325 стаг. Мел кIезиг а шозза лакхара ду и терахь Росстатан статистикаца дуьстича. Бозуш боцчу демографийн зераш – кхузза, герггарчу хьесапашца - 675 эзаре ду.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG