ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу бархI дагестанхочун гIуллакх Нохчийчу юхакхачийна апелляцин кхело


Нохчийчуьра Лакхара кхел
Нохчийчуьра Лакхара кхел

Вийначу Дагестанерчу бархI вахархочунна бехкбуьллуш кхайкхийна таIзар юха а даьккхина, Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле юхалиста хьажийна Сочера Апелляцин кхело. Сацам юхабаккхар доьзна ду, зуламан-процессуалан низамехь къепе йохийна меттигаш хиларна, хаамбина фейсбукерчу шен пена тIехь адвокато Сабинин Андрейс.

Дагестанера бархI накъост лачкъийна вигира 2016-чу шеран Гезгмашин-беттан цхьана кIиранчохь. Бу уьш Каспийскера Магомедов Ислам, Махаев Пахрудин , Узданов Гашим, Джамалутдинов Шемал а, Хасав-Юьртара Джамалутдинов Шемал а, Госенов Госен а, Джамалутдинов Камиль а, Клычев Клыч а. Царех цхьаберш дIабигинера нахана а гуш герзашца болчу наха.

Лачкъийначийн гергарчара дIахьедора, уьш къайлабаьхначул тIаьхьа, церан мобилан телефонийн биллингашца къастар, кегийрхой Махачкаларчу "Э" Центран гIишлона уллохь хилар.

2016-чу шеран ГIадужу-беттан 9-чохь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийра, Гуьмса кIоштахь бакъоларъяран органашна дуьхьалойина шина машенахь хилла бархI гIаттамхо вийна шаьш аьлла. Декъий дагийнера церан, йисина чалхаш зийра, идентификаци а еш. ТIаккха тIечIагIдира, байъинарш - вайна бархI дагестанхо хилар.

Стохка Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхочо Тесаева Маккас бакъдира, байъинарш бехкехилла аьлла, полисхошна тIелатарна а, бакъо йоцуш герзаш лелорна а, амма гIуллакх сацийра, уьш белла хиларца.

Бехкебечийн гергарчийн адвокто Сабинин Андрейс дехар дира, "Нохчийчоьнан куьйгалхъочо Кадыров Рамзана мах хадоро процессна Iаткъам бо", цундела гIуллакх таллар кхечу регионехь хилийта аьлла.

Хилларг довзуьйтуш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтира, "Дагестанера зуламхой" массех баттахь гIиртина Нохчийчохь диверсеш ян, ницкъхошна иза хууш дара, аьлла.

2018 шеран Гуран-баттахь Австрерчу эксперта, дуьненаюкъарчу бакъонийн профессора Бендек Вольфганг хаам хьажийра Европан Кхеташонан кхерамзаллин организаце (ОБСЕ) Нохчийчохь адамийн бакъонашца лаьтта хьал довзуьйтуш. Цо тIечIагIдира махкахь низамца догIуш а доцчу кепехь дукха нах цахеддаш лоьцуш хилар.

2019 шеран Зазадоккху-баттахь Европерчу Iазап юхадаккхаран комитето бехкейира Оьрсийчоь Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу регионашкара а хьал зен ша юьтуш яцарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG