ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу Гуьржийчуьрчу нохчочун доьзална компенсаци йала декхаре дина меттигера Iедал Европерчу кхело


Мачаликашвили Малхаз, вийна волчу Мачаликашвили Темирланан да. 2019-чу шеран дечкен-беттан 19 де

2017-чу шарахь ПIаьнказахь дIайаьхьначу лерринчу операцехь нохчо Мачаликашвили Темирлан верна тIехула долу гIуллакх эвсара ца теллина, аьлла сацам бина Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхело, цуьнан гергарчу наханна 25 эзар евро компенсаци далар тIедожийна.

19 шо долчу Мачаликашвили Темирланна чолхе чов йира ницкъахоша цуьнан хIусамехь 2017-чу шеран гIуран-беттан 26-хь. Нохчийн гIаттамхочунна Чатаев Ахьмадна гIо латторна шеконашка лаьцнера иза. Ши кIира даьлча Мачаликашвили дарбан цIийнахь велира. Ницкъахойн версица, граната эккхийта гIоьртина хиллера иза. Вийначун гергарчу наха чIагIдо, жимастаг шен меттахь герз тоьхна вийна бохуш.

Европерчу кхело сацам бина, Гуьржийчоьнан Iедало йийцина йолу верси "бакъ йолчух тера йу", Iедалан бехкаца долчу хьелашкахь [Мачаликашвили] велла бохучунна тоьшаллаш кхоччуш дац аьлла жамI дан йиш йу".

Амма, кхелана хетарехь, Мачаликашвили вер кхоччуш, эвсаре ца теллина пачхьалкхо, цундела Гуьржийчоьнан Iедало моралан зен меттахIоттош кхаа бетта чохь арзхошна 10 000 евро дIакхачо деза, иштта цара дайъина ахча меттахIоттош 15 000 евро а дала деза.

"Меттигерчу тIегIанехь и гIуллакх йуха а листийтаран бух" хир бу Европан кхелан сацам, цитата йо Мачаликашвилин доьзална юридикан гIо латтош йолчу Iедалца йоьзна йоцучу "Социалан бакъонан центрана" гуьржийн Civil Georgia сайто.

Кхелан сацамехь коьртаниг – иза стеган ваха бакъо доккхачу декъанна хьаьшна йац бохург ду, билгалдаьккхина Гуьржийчоьнан юстицин министран гIовсо Дзамашвили Бекас. Оьккхуйту граната Мачаликашвилина кIел кхоьссина боху верси хьехош йац кхело, аьлла тIетоьхна цо.

  • Шен кIант вийча, цуьнан дас Мачаликашвили Малхаза хиллачунна эвсара таллам бар доьхура, бехке мел верг жоьпалле озаве бохура, простесташка араволура. 2020-чу шарахь Гуьржийчоьнан Коьртачу прокуратуро тIечIагIдира, Мачаликашвилина герз тоьхна волчу спецназхочун лелар низамца догIуш дара аьлла.
  • ПIаьнказарчу бахархоша а, цигарчу туркхийн кхеташонан декъашхоша 2021-чу шарахь амнисти йар дийхира 2017-чу шарахь терроризмана бехкебинчу наханна – Мачаликашвили Темирланна чолхе чов йина хан йу иза. 10-12 шераш диттира царна набахтехь даккха.
  • 2019-чу шарахь Тбилисерчу парламентан гIишлонна хьалха простесташ йоьлхучу йукъанна полисхошна тIелатар дарна бехке лерира Мачаликашвили Малхазан гергара стаг Морис.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Тбилиссерчу гIалин кхело бехке лерира терроризмана шеконашка лаьцна болу пхи ПIаьнказара бахархой, 2021-чу шарахь Дуиси, Корети эвлашкахь дIалийцира уьш. Церан бехк бац бохуш чIагIдора церан гергарчу наха.
  • 2017-чу шеран лахьан-баттахь Тбилисехь леррина операци дIахьош вийра Чатаев Ахьмад. 2000-гIа шо тIекхачале нохчийн гIаттамхойн декъехь тIемаш бина цо. 2016-чу шарахь Истанбулерчу аэропортехь эккхийтарш дарна бехке лорура и стаг.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG