ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Владивостокан мэри реза ца хилла Солженицынна хIоттийна эсалла дIаяккха


Солженицын Александарна хIоттийна эсалла
Солженицын Александарна хIоттийна эсалла

Владивостокан мэри реза цахилла Карабельная набережная олучу меттехь яздархочунна Солженицын Александарна хIоттийна эсалла дIаяккха, демонтаж яр бух боцу Iалашо ю аьлла. Цунах лаьцна гIалин администрацин векало хаам бина "Интерфаксе", яздо Радио Свобода зорбан гIирсо.

2021-чу шарахь Владивостокан гIалин думан депутата Шинкаренко Максима хаттам беллера администраце и скульптура дIаяккхар тIодожош, иза юкъараллина хетарг тидаме цаоьцуш хIоттийна ю аьлла. Мэрин векалша хIолламан демонтаж яр оьшуш хIума дац аьлла жоп делира, социалан машанашка хьажча, иза туристашна а, гIаларчу бахархошна а хазахеташ меттиг ю аьлла.

Iедалхоша билгалдаьккхира, монумент шен чулацамца вуно лаккхара эстетикан дикалла йолуш хилар. "БIаьранна иза вуно дика йоьзна ю ша лаьттачу меттигца: мокхазан парапетан дакъа хийцина ду куьзганца скульптуран боларан моттаргIа яр Iалашонца", - дIахьедира администрацехь.

Шинкаренкос а дIахьедина, Солженицынна скульптурина демонтаж ян еза бохучу ойланна тIеравьлла ша аьлла, иза дIахIоттийначул тIаьхьа юкъараллина хетарг хийцадаларна.

  • 2015-чу шарахь Шинкаренкос тIеоьллира Солженицынна эсаллина "Иуда" дош тIеяздина у, Сталин Иосифна хIоллам хIоттабайта гIалин Iедалш реза цахиларна. Оцу хенахь депутат цахиллачу жигархочо дIахьедира, "антисоветчикана, русофобана" хIоллам хIотторо эргIада бахийтина керланашкахь а, социалан машанашкахь а комментареш йинарш аьлла.
  • Солженицын Александран эсалла кхоьллина скульптора Чегодаев Пётара. Иза Владикавказехь дIахIоттийра 2015-чу шарахь, Гезгмашин-беттан 5-хь. Солженицын хилира оцу гIалахь цкъа, 1994-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь цIерпошта тIехь эмиграцера Оьрсийчу, мехкан цхьацца гIаланашкахь а соцуш, цIавогIуш.
  • Солженицын Александр - яздархо, Нобелан совгIатан лауреат, Сталинан лагершкахь хан текхна тутмакх - коммунстийн режимана криткаярхо вара. 1974-чу шарахь советан Iедалша СССР пачхьалкхера араваьккхира иза. Солженицын цIавирзира 20 шо даьлча. Велла 2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 3-хь Москвахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG