ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волгоградера кхело лаьцна КъорIан дагорна бехкехетарг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

КъорIан дагийна аьлла, шеконашка эцначу Журавель Никитина шина баттана – товбеца-беттан 20-че кхаччалц дIасавалар доьхкуш , лаьцна чохь вуьтуш сацамбина Волгоградан кIоштан коьртачу кхело.

Цунах лаьцна йаздо "Интерфакс" хаамийн гIирсо регионерчу Талламан комитетан урхаллин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Къевлинчу рожехь хIоттийнера суьдхоша цунна дIасавалар доьхку кхел, цуьнан бахьана довзийтина дац. Кхеташо йолалучу хенахь, "Интерфаксан" хаамашца, Журавеля дIахьединера, ша КъорIан "шен лучу соьма дуьхьа" дагийнера, ша "кхеташ вацара дечух" аьлла. Иштта бехк ца биллар дехна цо бусулбанашка, шегара даьллачунна эхь хета шена а олуш.

Нахана а гуш, бусулбачийн дог-ойла сийсазйарна гIуллакх айдина Журвельна дуьхьал, кхин хIуманна бехкаш дохкур дуй цунна, карарчу хенахь хууш дац.

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан юстицин министро Чуйченко Константина хьийхира, "зулам динарг таIзар кхайкхийначул тIаьхьа, бусулбан нах дукха болчу регионе хан йаккха хьажаве аьлла. Журавельна дуьхьал долийна гIуллакх кодексан 148-чу артиклан 2-чу къепехь ду, ткъа оцу бехкаца набахте ца вуллу.1Карладоккху, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийна Волгоградан кIоштахь КъорIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Цуьнан бахьана ду "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш лара" бохуш, ден дехарш.

  • Маьждигна хьалха КъорIан дагош видео гучуйелира социалан машанашкахь стигалкъекъа-беттан 19-чохь, полицино талла долийра гIуллакх.
  • Стигалкъекъа-беттан 21-чохь ницкъахоша дIахьедира, Украинера схьаваьлла, меттигера вахархо Журавель Никита лаьцна шаьш. Йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза. Талламан версица, стигалкъекъа-беттан 19-чохь СБУ-н тIедилларца КъорIан дагийра цо, и гIуллакх дийриг итт эзар сом лур ду аьлла хиллера цунна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедина, лаьцначо хIинцале а даредеш дIахьедина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойх видеош йохуш вара ша аьлла. Журавелян мукIарло доцург, дуьйцург хIун ду а, стенна тIехь гIуллакх долийна а, хууш дац. Иштта къаьсташ дац де-буьйса а далале шеконехь хилларг ницкъахошна муха карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG