Терроризман идеологица къийсам латторца доьзна хаттарш дийцаре дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан муфтийца Межиев Салахьца. Цунах лаьцна Кадыровс хаам бина шен инстаграмерчу агIон тIехь.
«Нохчийн къоман а, ерриг а Оьрсийчоьнан а мостагIий совцуш бац республикера хьал дохо гIерташ, зуламаш дайта кегийрхой карзахбохуш», - аьлла ду цуьнан хаамехь.
Кадыровна хетарехь, ваххабизмаца къийсам латто беза массо а агIор. "И ун даржаран берриг а хила мега некъаш дIакъовла деза", маьждигашкахь а, телеэфирехь а, социалан машанашкахь а, дийца деза «цу жоьжагIатийн жIаьлеша мел кхерам бохьу», боху цо.