ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш ехна прокуроро гIалгIайн протестхошна


ГIалгIайчохь хиллачу протестийн лидерийн гIуллакхна тIехула дIадаьхьначу дийцаршкахь прокуроро ворхI шарера исс шаре кхаччалц колонехь яккха хан ехна царна, хаамбина Кавказ.Реалиига адвокато Куриев Мохьмада.

Цо дийцарехь, прокуроро Ужахов Малсагна а, Барахоев Ахьмадна а, Мальсагов Мусана исс-исс шераш тоха аьлла, Чемурзиев Барахна а, Хаутиев Багаудина а, Нальгиев Ахьмадна а бархI-бархI шераш, Саутиева Зарифина - ворхI шой ялх буттий.

Кхеле хIиттийнарш бехкебо ницкъахошна дуьхьалбовларна а, экстремисстийн юкъаралла вовшахтохарна а. Талламчаша бахарехь, 2020-чу шарахь кхело болх сацийна "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" ю юьйцург. ДIасайохийра ишта "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" а. Цуьнан куьйгалхо хилла Ужахов Мальсаг бехкево, "бакъонна дуьхьала зуламаш лелон бахархой гIиттош", коммерцица йоьзна йоцчу организацин куьйгалла дарна.

  • "ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула бехкебечара протест гIаттийра Нохчийчоьнца дозанаш хуьйцуш барт хиллачул тIаьхьа. 2019-чу шарахь Магасехь хIоттийна хилла митинг йирзира ОМОН-н а, Росгвардин а белхахошца тасадаларш хуьлуш. Протестан лидершна бехке диллина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхар.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG