Ши зуда елла, берхIийтта пассажирна чевнаш йина Воронеж гIалахь еарин сарахь автобус чохь хиллачу эккхийтарехь. Воронежан кIоштан Iедалхоша хаам барехь, ши зуда елла, цхьанна ший а ког дIабаьккхинера аьлла.
"Новости" агенталло яздина, эккхийтар хуьлучу заманчохь машен чохь 30 стаг вара аьлла.
Инцидент хиллачу меттиге кхаьчна Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахой.
ТАСС агенталло хаам барца, чевнаш йинарг 16 пассажир ву, царех ах бохург санна чолхечу хьелашкахь бу.
Юьхьанца зорбанашкахь яздора, автобус чу хIиттийна хилла газан баллонаш лилхина бохуш. Амма тIаьхьо нах дIасалелочу компанино дIахьедира, дизелан ягорг тIехь лелаш ю массо а автобусаш аьлла.
Воронежан кIоштан губернаторо Гусев Александра аьлла, карарчу беттан 13-чохь дуьйна юкъарчу тарнспортан урхалла дечара дехар дийр ду пассажирашка, муьлхха а хийрачу хIуманийн терго еш хила аьлла. Оцу дешнаша шеконаш тосу, динарг теракт ду аьлла, туьдуш хиларх.