ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовшехлетта ши полисхо балхара дIаваьккхина Дагестанехь

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Вовшахлетта Махачкаларчу ППС-н полкан ши белхахо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло балхара дIаваьккхина аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига министраллан пресс-гIуллакххоша. Полицин ши белхахо леташ видеоролик гучуелира инстаграм-пабликашкахь кху деношкахь.

Цу тIехь гуш ду, юьхьанца дешан конфликт юйлу цу шинна юкъа, цул тIаьхьа цхьахволчо корта туху, тIаккха лата волало и шиъ. Дов даьллачарна тIехьаьддачу кхечу полисхоша вовшах воккху и шиъ.

"Талламбийр болуш бу, цул тIаьхьа хиллачун мах хадор бу, иштта церан белхан куьйгалхойн а", - дийцина министраллин пресс-секретаро Гариева Гаянас. Цо бахарехь, конфликт иккхина хилла Лахьан-беттан 18-чохь.

Хьалхо яздора хаамашкахь, лаьцначу мехкан Кизляран кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочуьнгахьа Исаев Газигахьа хIоттийначу митингехь дакъалацарна Дагестанехь пхи полисхо балхара дIаваьккхина бохуш.

This item is part of
XS
SM
MD
LG