ТIекхочийла долу линкаш

Хасиев: ХIуш дааррий, тонка озаррий даима осала хеташ хилла нохчашна


Нохчийчоь -- "Ахмат" боламан жигархой бу тонка озарна дуьхьал Соьлж-ГIалахь акци дIахьош.

Тонка озар бахьана долуш хIора шарахь дуьненxчохь леш ву 6 000 000 стаг.

Европера Инде кхача боца некъ лохуш 1492-чу шарахь Колумб Христофор Iамерке кхаьчча иза хIорда кемантIера воьссинера Тобаго гIайре тIе. Колумб инзаре цецваьлла хиллера меттигерчу бахархойн, индейцийн, хьалханча мерехула кIур оьхуьйтуш хиина Iаш гича.

Колумб Христофор Тобаго гIайренехь. Иллюстраци.
Колумб Христофор Тобаго гIайренехь. Иллюстраци.

Цу хенахь индейцаш тонка узуш хилла, иза хьаьчкIан луьйдигашна юкъа а хьерчош.

Европерчу бахархойх хьалхара тонкин чам баьккхинарг хилла Колумбан флотилин капитан де Херес Родригас.

Цул тIаьхьа 500 сов шо даьлла. Тахана тонка даьржина дерриг а дуьнентIехь. Оцу хеначохь цхьайолчу пачхьалкхашкахь хьалхара проблема а хилла дIахIоьттина тонка озар.

Цундела ларамаза дац цу зуламца шуьйра къийсам дIахьош хилар дуьненаюкъаралло. Дерригдуьненан могашаллан вовшахтохаралло билгалдаьккхина ду Стигалкъекъа-беттан 31 де «Дерриг дуьненан тонка ца узу де" санна.

Цу организацино бинчу хаамца, хIора шарахь тонка кхиош лелочу латтан барам бу 4 миллион 300 эзар гектар. Тонкан индустрино сигаьркаш еш гулло 2 миллион тонн сов нехаш.

Нохчийчохь тонка озор а, цуьнга вайнах марзбалар а тулгIенийн кепехь хилла боху нохчийн вевзаш волчу Iилманчо этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада. Тонка Нохчийчу мичара кхаьчна а дуьйцу цо.

Хасиев Сайд-Мохьмад.
Хасиев Сайд-Мохьмад.

Хасиев: "И тонка вайна туркошкара схьадеана. Мода-м оцу хенахь а хиллакхий, юкъайолушший, юха дIайолушший. Модехь хIума хилла иза. Амма иза тулгIенийн кепехь хилла".

Имама Шемила дихкина хилла тонка озар бохуш, кхин дIа а дуьйцу Хасиевс.

Имам Шемил
Имам Шемил

Хасиев: "Шемила дихкина хилла сигаьрка озар, Iаьрбийн пачхьалкхашкахь а, Персехь а, Туркойчохь а иза мелхо а къобулдеш хиллехь а. ХIуш дааррий, тонка озаррий, шеташ кхийсаррий осал хIума хеташ хилла (нохчашна) массо а заманахь".

Тонкано бохьуш пайда ца хиларх сиха кхетта нохчий. Цундела диндайша шайн хьехамашкахь кхайкхамаш беш хилла, и гIуллакх дита бохуш. Царах хилла Киши Хьаьжа. Хасиев Сайд-Мохьмад:

Хасиев: "Киши-Хьаьжа хилла Эртанара шен мюридашца схьавогIуш. КIур дIабиттина цIарула-цIен гIир тIейиллина мекхаш дина цхьа накъост дуьхьал иккхина, хIай къонах цIетург яц хьоьхь аьлла

-Ва дера ю, хьо санна волчу къонахана яла цIетухург а йоцуш муха хир ву дуьхьалкхетта накъост, - аьлла, мокхузца цIе а латийна, иза дIакховдийна. Пох, пох, пох аьлла, кIур а баьккхина, "Дела реза хила хьуна, мел баьккхи ахь" аьлла цо.

Сигаьрка узуш баккхийчарна шаьш ца гайта гIертара нохчийн кегийрхой.

"Иза-м даккхийчерах дацара, хьан са тийчахьана", - аьлла охьаволавелла Хьаьжа. Цуьнца болчу мурдаша хаьттина, сигаьрка йихкина ю а боху, и къа ду а боху иза, лата а йина, озийти-кх ахь аьлла.

"Дела реза хиларш, оццул цунна езаш хилча муха латор яцара цуьнан иза. Иза-м цуьнан тIаьххьар сигаьрка ярий", - аьлла Хьаьжас.

Оцу хенахь цуьнан цхьа мурдо, юха а вахана, цу стаге аьлла "эхь дац иза, аьлла. Хьаьжа ма вара хьан сигаьрка латийнарг аьлла, бехк баьккхина цо. Ткъа цу стага, ма доккха эхь ду хIара, сан меркIелла-м йогIур яц хьуна хIара хIокхул тIаьхьа аьлла, охьакхоьссина сигаьрка.

20-гIа бIешо долалуш хиллачуьнца дуьстича, баккхийчара тоьшаллаш дарца, нохчий махкахбаххалц сигаьркаш ийзарна баш тIера ца хилла уьш. Амма Сибрех кхойтта шо доккхуш, шуьйра даьржина вайнахана юкъахь тонка озар, иза эца таронаш ледара хиллехь а.

1960-1970-чу шерашкахь а кIезиг бацара нохчашна юкъахь тонка узу нах. Советан пропагандо дуьхьало еш хиллехь а, къаьсттина иза марзделлера къоначу нахана. Делахь а уьш гIертара сигаьрка узуш баккхийчарна шаьш ца гайта.

Нохчийчохь хьалхара тIом баьлча и гIуллакх кхин а даьржнера нохчашна юкъахь.

Тахана хьал хийцаделла хиларна тоьшалла до тхан Нохчийчуьрчу корреспонденто Султанов Ахьмада. Цо дийцарехь,

Нохчийн республикехь саццаза дIахьош бу тонка озарна дуьхьал хьжийна болх.

Цо шен жамIаш а дохьу. Кегийрхошна юкъахь дукха бац тонка озар марзделларш. Узучо а къайлахьой до иза.

Султановс дийцарехь, тонка озаран метта кхин талор - насвай ю Нохчийчуьрчу бахархоша лелош. Иза хецца массанхьа юхкуш ю боху Султановс.

Дерригдуьненан могашаллан вовшахтохаралло бинчу хаамца, тонка озар бахьана долуш хIора шарахь дуьнентIехь леш ву 6 миллион стаг.

Нагахь хьал кхин дикачу агIор хийца ца лахь 2030-чу шарахь и гайтам алсам бер бу хIора шарах 8 миллион стаге кхаччалц.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG