ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВСУ-но тохар дича Украинехь 23 кадыровхо вер тIелаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинан ТIеман ницкъаша кадыровхойн штабана тохар дина кхо де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIелаьцна цигахь гIеххьа республикера эскархойн байъина хилар.

23 вийна, 58-на чевнаш йина, царах чолхе чевнаш йина веа стаганна, дIахьедина Кадыровс. Байъинчу, лазийначу эскархойн доьзалшна Мекке зиярт дан аьтто лур бу аьлла цо, иштта бекхам барца кхерам тессина украинхойн агIонна. Республикан куьйгалхочо дIахьедина, тийсдаларшкахь 70 украинхой эскархой байъина аьлла – официалерчу Киево эшамех лаьйна ца дийцина.

Хьалхо украинхойн а, нохчийн оппозицин телеграм-каналаша а дуьйцура, 40 вийначех а, 60-на тIера 100 тIекхачалц лазийначех а. ВСУ-н официалерчу хаамашца, вийнарг 30 гергга стаг ву, йохийначу гIишлонна кIелахь кхин а 100 гергга ву.

ГIадужу-беттан 24-хь динера тохар школан гIишлонна тIе, цу чохь хиллера "Нефтеполкан" эскархойн штаб – Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Уьш болу меттиг Херсонан кIоштан Каиры эвлахь хиллера.

Цул тIаьхьа Кадыровс вуно шогачу кепехь къамел деш ши видеохаам арахийцира, амма росгвардихой байъарх лаьцна ца дуьйцура цо.

Цхьаболчу кхайкхамехь 300-400 эзар республикан бахархой Украинерчу тIаме хьажор хьехна цо – бахархойн дерриг терахьан доьалгIа дакъа ду иза. ШолгIачу видео тIехь Украина оьрсийн латта ду олу цо, тIаккха мостагIий йийсаре лацарна меттана, царах цIе тоссур ю бохуш кхерамаш тоссу.

  • Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза: "Кавказский узелан" зерашца, гIадужу-беттан 14-хь Iедало 29 эскархочун кхалхар тIелаьцна.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, оьрсийн эскарна каракхаьчначу дозанашкахь лела уьш, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду тIеман министраллин кхечу дакъойн эскархой а сецабо кадыровхоша.
  • Кху шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIабахана, стохкалерачу оццу муьрца дуьстича, кхузза сов бахархой. Меттигера бакъоларъяран организацеша керлачу миграцин тулгIе мобилизаци бахьанехь йолаелла боху.
  • Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечаарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхий ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG