ГIебарта-Балкхаройчуьрчу “Малка” тIехвалийтаран пунктехь автобус тIера 30 шо долу нохчо охьавоссийна. Цуьнан кехаташ теллича, гучудаьлла иза федералан Iедало лоьхуш шо сов хан хилар. Иза бехке лору бакъойоцу мигранташ Москох чубигарна. Лаьцна нохчо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Золскан кIоштахь полицин Iуналлехь ву. Иза хааме даьккхина kb.ru интернет портало.