ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиран бIаьрла хиламаш


Нохчийчоь -- Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкара схьакхьачна Пайхамаран месаш а, кхийолу еза хIуманаш а, Соьлж-ГIала, 11Тов2012
Нохчийчоь -- Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкара схьакхьачна Пайхамаран месаш а, кхийолу еза хIуманаш а, Соьлж-ГIала, 11Тов2012

Ιаьрбан Эмираташкара Соьлж-ГΙала кхачийна еза хΙуманаш мел мехала ю нохчашна? Масса муджахΙид висина хьаннашкахь, Кадыров Рамзане хаьттича? ГΙаттамхой машаре балабен комисси стенна ца кхоьллина Нохчийчохь? Кхо шо кхаьчна Эстемирова Наташа вайца йоцу. Хьан вийна Буданов Юрий?


КΙиран хаамех журналиста-эксперта Фуллер Элизабетас хьалхарчу меттехь билгалбоккху хΙара.

Фуллер Элизабет: «Нохчийн официалан хаамийн гΙирсаша коьртачу декъанна кху кΙиранах Цхьаьтоьхначу Ιаьрбийн Эмираташкара Мохьмад-пайхамаран мажан а, коьрта тΙера а чоьш а, духаран дакъа а Соьлж-ГΙала кхачорах а лаьцна дийцира.

Цхьа бутт ах бутт хьалха, бусулба дин лелочеран «экстремизм» емал а еш, дΙаяхначу дуьненаюкъарчу исламан конференцица а, Кадыров Рамзанан дозанал арахьарчу гоьбевллачу шайхашца гергарло тасаделла хиларца а дузу иза цхьаболучара. Амма оццу конференце а санна, кхин хьажам а бу нохчашлахь, цара, гΙарабаккха а кхоьруш, баржийна».

Хьалхо иштта еза пхьегΙа а кхачийра Соьлж-ГΙала Ингалсехь бехачу пайхамаран цΙийнан нахера. Цхьаболчу нохчийн, уьш кΙезиг а бац, Маршо Радиоца оцу хьокъехь къамел дан лиинарш а алсам хилар юьхьара эцча, юхь-духхьал дΙадала кхераме делахь а, хаттар ду Кадыровга. Мел мах белла цо езачу хΙуманех, стенгара ду дΙаделла ахча?

Лондонера беъна кад а, хΙинца Эмираташкара кхачийна хΙуманаш а шаьш долчохь хиларе сатуьйсу хьакамаш кΙезиг бацара бусулба мехкашкахь. Амма цара беза лорура боьху мах. Цундела бан а бац и хΙуманаш Кадыровга маьхаза кхаьчна ала бух. Ингалсхойн прогматизм евзаш хилича-м муххале а!

Делла ахча бюджетера ду, я махкера ясакх а йоккхуш юзучу Кадыров Ахьмадан фондера ду? Пайхамара шена мавзолей хΙоттор я шен месаш, духар даздина лелор ша дихкина, бохуш а хилича, хьенан дуьхьа лелайо махкахь и кепаш? Дуй-те иза Дала магош хΙума? МоттаргΙанашна ахча лесточул, харжаш махкарчу мисканийн аьттоннна еш хилча, мелехьа хир дацара, хоьтту наха шайлахь.

Къилбаседа Кавказехь хΙора баттахь а ца хеддаш ле нах тΙеман хьелаш бахьанехь, я вовшийн карах я ларамза герзаш кхетий. Оцу статистикехь Нохчийчоь боьалгΙачу меттехь ю шо доладелчхьана. Уггаре дукха и тайпа баларш лаьтта Дагестанехь, тΙаккха ГΙебарта-Балкхаройчохь , тΙаккха ГΙалгΙайчохь.

Фуллер Элизабет: «И терахьаш Кадыровс комментари янза дисинехь а, иза, дуккхаза а санна, лаьттар ву шенчун тΙехь – тΙемалойх цхьа жима тоба бен а ца йисина Нохчийчохь, бохучунна тΙехь. Ткъа, хетарехь, гΙаттамхой дΙатеран бахьана буьззина баттахь хенан хΙоттам йочане лаьттина хиларца бен а ца дозу. Амма тийналла цара рогΙера йоккха операци дΙайоллолц бен лаьттар йолчух тера дац».

Москох Оьрсийчоьнан президентан гонера адамийн бакъонашна тΙехь терго ен комисси вовшахкхийтира ерриг а пачхьалкхан юкъара хила тарлуш йолу гΙаттамхой маьршачу дахаре балабен кхеташо кхолларх йолу ойла йийцареян. Цигахь хьахийра Кавказан республикашкахь йолу и тайпа кхеташонаш.

Стохкий, лурчахий кхоьллина уьш ГΙалгΙайчохь а, ГΙебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а.

Мелла а гайта белхан жамΙаш долуш ю ХΙинжа-ГΙаларниггиий, Несарарниггий. 37 гΙаттамхо тΙевеана герз охьадилла резаболучех Дагестанехь, царех 32-нна къинхетам а байтина кхеташоно, цуьнан куьйгалхочо Курбанов Ризвана чΙагΙдарехь.

ГΙалгΙайчохь кхеташоно 51-на гΙо дина, герзах а къаьстина цΙаверза, бохура деношкахь ГΙалгΙайчоьнан Ιедалехь Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочо волчу Котиев Ахьмада.

Ткъа Нальчикехь тΙемалой цΙехьаберзон кхоьллинчу кхеташонан болх кехата тΙехь бен а бац - цкъачунна цхьа а муджахΙид ца вахана цунна тΙе. И тайпа, Ιедалх яц бохуш юьйцучу кхеташонашний, гΙаттамхой, деха а ца дуьйцуш, тΙемашкахь байъа марзбеллачу ницкъахошний юкъахь гамонаш латтар ду бахьана, аьлла хета комментаторна Фуллер Элизабетина.

Фуллер Элизабет: «Махкахь кхуллучу муьлххачу а комиссешна ницкъаллин урхаллаш дуьхьалйовлуш хиларо аьтто бо кхета, тΙом а битина, маьршачу дахаре берза луучу нахана гΙоден комиссеш стенна ю Дагестанехь, ГΙалгΙайчохь, ГΙебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, амма стенна яц иза Нохчийчохь».

Машарбаран комисси Нохчийчохь цахиларан бахьана ду Кремло цигарчу шен ницкъашна бен тΙемалошца долу гΙуллакх листа тешош цахилар. Дика тΙемало – велла Ιуьллу тΙемало ву, боху политика ю Нохчийчоьнна къастийнарг, ткъа и дΙахьош Оьрсийчохь тоьлла бΙаьхо а волуш ву – Кадыров Рамзан, туьду комментатора Фуллера.

Кхо шо хьалха йийна нохчийн бакъоларъярхо Эстемирова Наташа дага а лоцуш, Оьрсийчохь дешан маршо лакъош байъина журналисташ а, бакъоларъярхой а , адвокаташ а дагалецира Москох пΙераскан дийнахь конференци дΙаяьхьначу демократин боламийн жигархоша. Цигахь дакъалецира Ιазапна дуьхьало яран комитетан куьйгалхочо Каляпин Игора а, ХΙьюман Райтс Вотчан векалша а, «Мемориал» юкъарлонан куьйгалхочо Черкасов Александра а, маьршачу хаамийн гΙирсаша а.

Гулбеллачара Эстемирова Наташас шел тΙаьхьа йитина стогаллин, оьздангаллин лар а юьйцуш, цΙерш ехира Нохчийчохь, ГΙалгΙайчохь, Дагестанехь байъинчу кхечу цуьнан накъостийн, бакъоларъярхойн – Сайдулаева Зарема, Джабраилов Ιела, Гайсанова Зарема, Аушев Макшарип, Евлоев Мохьмад, Камалов Хьажамурд, кхиберш.

Конференцин декъашхоша хьахийра Эстемирова Наташа йийнарш Ιора баьхна, аьлла, прокурораша, дина дΙахьедар. И йийнарш вежарий БашаевгΙар бу, боху Ιедалан векалша, цо шаьш гΙаттамхошца зΙенехь хилар гΙарадаккхарна. И верси Эстемирований, цо хиламаш Ιедалх йозуш йоцчу ойланашца ша тидаре терра, шена кхераме лоруш а ца хиллачу наханий юкъа дов доьллера, герз карахь а долуш, аьлларг ма-тов лела Ιедалхой цуьнан къинах мукъа бу алархьама кхоьллина ю, бохура бакъоларъярхоша.

«МухΙажиршкахула йолчу Данерчу комитетан» белхахо Гайсанова Зарема ерах лаьцна дуьйцуш, хΙара элира ХΙьюман Райтс Вотчан Оьрсийчуьрча коьрта талламхочо.

Локшина Татьяна: «Официалехь бинчу хаамца, лерина операци йоьдуш – и дΙаяьхьнарг ша Нохчийчоьнан лидер Кадыров Рамзан ву – йоΙ доьза яйна. Цу тΙе, дукха хан йоццуш ша Кадыровс а дΙахьедина, Гайсанова хΙетахь лаьцнера, амма дΙахийцира, аьлла. ГΙуллакх талланза дуьсуш ду».

Хьенан карах велла нохчийн йоΙ Кунгаева Эльза къиза ерна набахти чохь ваьллина танкист Буданов Юрий, бохучу хаттарна шен жоп делла Талламан комитето тΙаьххьара а. Иза цо ханна Москохахь вехаш хилла нохчо Темирханов Юсуп ву, боху. 2000-лагΙчу шарахь оьрсийн эскарша шен да вер оькхуш, вийна лору цо Буданов Юрий.

Устрада-ГΙалара ву Темирханов, хьажцΙахь хилла а, меттигерчу бахархоша ларамца Юсуп-Хьажа, олуш а ву иза. Оццул бусулба волчу цо воьйла дац стаг, боху шеконаш лела дозуш доцчу газеташкхахь, царех ду, масала, Дагестанерчу «Черновик».
XS
SM
MD
LG