ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КΙиран коьртачу хиламийн тидарш


Кавказерчу мехкийн байракхаш
Кавказерчу мехкийн байракхаш

ТΙеман болам жигара бала там бу Нохчийчохь аьхкенца. ЮНЕСКО-но нохчийн мотт бовш болчу меттанийн могΙара баккхарна реза вац Кадыров Рамзан. Дагестанан экономика дикачу хьоле йолуш ю, боху мехкан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама.


Ιаьнан беттанашкахь а, бΙаьсте йолучу муьрехь а, Кавказ Имаратан рогΙера Ιалашонаш йовзуьйтуш, цуьнан Амира Умаров Доккас а, и воцучара а дΙахьедарш дора, аьхкенна тΙеман къовсамехь кхочушъян лерина Ιалашонаш а ю шайн, беш кечамаш а бу, аьлла. Оцу хьокъехь къамел дира Амир Ιабдул-Малик а.

Шен къамел тΙехь а долуш баржийначу гайтамехь амира довзуьйту, боху комментатора Карлсон Элизабетас, Нохчийчуьра гΙаттамхой хиндолчу тΙематасадаларшна кечлуш буйла.

Карлсон: «Иза ши шо хьалха, Умаров Доккин гонера а бевлла, Нохчийчоьнан вилайятах долу жоьпалла шаьш шайна тΙоьцу, аьлла, Гакаев Хьусайн а, Вадалов Асламбек а, Газиев ТархΙан а хьаьвзича вацара, цара шайгахьарчу 15 баьччин цΙе а йоккхуш, йовзийтинчу тобан декъахь. ТΙаьхьо, нохчийн амираша Умаров Доккина шаьш герга боьлхуш, питана юкъара доккху, аьлла, байΙат дечохь а яцара Ιабдул-Маликан цΙе йоккхуш».

Деношкахь баржийначу видеогайтама тΙехь къамел деш ву Амир Ιабдул-Малик, шеца дехьа-сехьа ши тΙемало а хаийна. Уьш, гарехь, дукха хан йоццуш кхаьчна хьаннашка. Цара реза хиларца дуьйцу, тΙемаш бан аьтто луш йолу аьхке тΙекхочуш ю, бохуш. Оцу шимма шаьш дечу къамелехь кхойкху нах джихΙаде арабовларе.

Комментатора Карлсон Элизабетас дагадоуьйту, бахначу баттахь Умаров Доккас, ша воккхаве дин девзаш а, иманехь болу а кегийнах муджахΙидийн могΙаршка буьйлуш хиларх, аьлла, дина къамел. Цигахь Умаровс элира, кху бΙаьстено шен агΙонна толамаш баларе сатуьйсу ша, аьлла. Цундела, боху Карлсон Элизабетас, деса къамел дацара Амира Ιабдул-Малика динарг, цуьнан тобанера къона тΙемалой кестта бовла мега тΙематасадаларшка.

Дахначу шоьтан дийнахь Нохчийчоьно даздира Нохчийн меттан Де. И де хьан юкъадаьккхира дуьххьара, стенгара даьлла Охан-беттан 25-гΙа де, дагадоуьйту журналисто.

Карлсон: «Дахначу шоьтан дийнахь Нохчийчохь Нохчийн меттан де дара. 2005-чу шарахь и юкъадаьккхира Кадыров Рамзанал хьалха мехкан куьйгаллехь хиллачу Алханов Ιалус.

Иза хьаха а ца дира Кадыровс, ша даздаршка баьхкинчаьрца къамел деш. Цо аьлларг кхин дара. Шен дас дукха къахьийгира ненан мотт денбарехь, элира цо».

Шоьтан оцу хиламехь Кадыровс чΙагΙдора, дуьнентΙера дΙабовлуш бу, бохуш, буьйцучу 2000 матта юкъахь бац, цкъа а хир а бац нохчийн мотт, бохуш.

Карлсон Элизабетина хетарехь, тΙех дегала къамел ду иза. Бакъду, дахначу кΙиранах дешаран министран декхарш кхочуш деш волчу Уциев Сайпис лингвистан Джамалханов Зайндин 90 шо кхачар билгалдоккхучохь элира, ишколашна оьшу ненан меттан жайнеш долуш ду, аьлла. Делахь а, бакъдолу хьал ледара ду мотт Ιаморца. Хьалха а санна, панамехкан маттах тарбина Ιамош бу нохчийн мотт Нохчийчуьрчу берашна ишколашкахь. Оьрсийн мотт хΙора денна а хьоьхуш белахь, нохчийн маттана луш дац кΙиранах ши-кхо сахьттий бен.

Иштта дагадоуьйту Карлсон Элизабетас нохчаша даима а хьеха а деш, шадолччохь лаьтта кхин цхьа хΙума а – нохчийн доьзалийн цΙераш, фамилеш. Уьш хийца езара, бохуш, хуьлу муьлхха а нохчо, амма йоху цара шайн доьзалан цΙераш оьрсийн кепехь – Ахмадов, Мусаев, Исаев.

Дагестанерчу хьолана тΙе а берзабо Карлсона тидам. Кху кΙиранах Магомедов Мохьмадсалама, мехкан лакхарчу куьйгалхочо, ХΙинжа-ГΙалахь дΙакхайкхийра, Дагестанан экономика дикачу хьоле йолуш ю, аьлла. Стохкачуьнца хьал дуьстича, кхушара 132 800 стагна болх нисбелла махкахь, аьлла. Амма дицдечух тера ду Магомедовс, боху комментатора Карлсон Элизабетас, болх боцуш бехачу дагестанхойн терахь оцу терахьал дуккхаза а дукха дуьйла.

Бийцаре бира Магомедов Мохьмадсаламан администрацино махкарчу гΙаттамхошца шаьш латтабе къийсам а. Премьер-министра Абдулаев Мохьмада дагадаийтира Дагестано Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе шайн махкахь къовсамера бовла луучу тΙемалошна амнисти кхайкхор дехнийла. Амма и жоп доцуш ду цкъачунна.

Оцу юкъанна баьккхина Дагестанерчу гΙаттамхоша махкахь рогΙера бохам. ПΙераскан буса ХΙинжа-ГΙалин йисттехь хьалхий-тΙаьхьий динчу шина эккхийтарехь 13 стаг велла, бΙе гергга лазийна. Шинхьа а иккхинчу машенашца хилла, боху меттигерчу полицино, бала арабевлла шахΙидаш. Комментаторна Карлсон Элизабетина хетарехь, шен хеннахь Дагестанан Ιедалан лаам кхочуш а бина, амнисти тΙе ца оьцуш Ιен Москохара халкъан депутаташ а бу хиллачунна мелла а бехке.
XS
SM
MD
LG