Иракъехь а, Шемахь а меттигерчу а, дуьненаюкъарчу а ницкъаша ДаIишана тIехь бохучу толамаша церан карадохуьйту ДаIиша Iуналлехь хилла латташ. ДаIишера схьаяьханчу меттигаша Iорадоккху цара куьйга вовшахтоьхна герз а, кхийолу тIеман коьчалш а; Iорайоккху цара нахана тIехь лелийначу къизаллин лар а, нах Iазапехь латтийна хьелаш а.
ДаIишо шел тIаьхьа дитнарг
5
ДаIишан тIемалоша юхабовлуш охьакхоьссина дитина радиохула урхалла ден кеманаш дахьаш ву Иракъан салти. Жима а долуш, туькнашкахь эца йиш йолу кеманаш лелхачу хIуманех дуьзина хуьлу, коалицин ницкъашна хIаваан тохарш дан.
6
Iамеркан леринчу операцийн ницкъаша гойту туькнахь эца йиш йолу Skywalker X8 дрон. Кхунах тера дрон дара 2017-чу шеран дечкен-баттахь коалицин ницкъашна тIелатар дечу пропагандан видео филмехь гайтинарг. Washington Post газето дийцарехь, цу дроно де тохарш инзаре нийса хуьлу.
7
ДаIишан тIемалоша Иракъерчу Фаллужа гIаларчу школехь шайл тIаьхьа битина лелха коьчалш.
8
Иракъехь а, Шемахь а ДаIишан тIемалоша лелочу Iаьржачу байракхана тIехволуш ву Иракъан эскархо. Байракхана тIехь яздина ду Шахада.